Юкъара дешар кхиорехь – керла гIулч

Россин Правительствон селекторан кхеташонехь дакъалецира Кадыров Рамзана

   Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Россин Федерацин Правительствон селекторан кхеташонехь. Цигахь дийцаре дира 2016–2025-чуй шерашна йолчу «Россин Федерацин субъекташкахь юкъарадешаран организацешкахь дешаран керла меттигаш кхолларан гIо лацар» аьлла йолчу программех лаьцна долу гIуллакх.hldyo57VcM7oWozhXiwctO2kAFzNQIO6

   Кхеташонехь доклад йира Россин Федерацин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс. Цо билгалдаьккхира и программа боккха барам болу проект хилар.

«Цундела дика кхеташ хила деза хIора регионехь долчу гIуллакхийн хьолах, хIунда аьлча регионашкахь хьелаш тайп-тайпана ду: хаа деза мичахь мел школаш ян еза, мичахь муьлхачу барамехь школаш юхатоян еза, мел школашна капитальни ремонт ян еза, тIейогIучу хенахь мичахь меттигаш ца тоа тарло. Аьлча а, хьал коьртачу декъана дозуш ду вайн мехкан башхаллех. Цундела вай дIайолош йолу вайн программа оцу стандарташца нисъеш кечйина хила еза», – элира Д.Медведевс.

Цо билгалдаьккхира тахана Россехь хIора йоьалгIа школа шина, я кхаа сменехь болх беш хилар. Школийн дуккха а гIишлош ширъелла, ткъа царех цхьаерш занятеш дIаяхьа мегар долуш яц.

«Цу кеппара, дикка боккхачу барамехь школаш капитальни ремонт ян, шайн гIирсаш карлабаха безаш ю, я регионашкахь, школашна ремонт ярх гIуллакх хир дацахь, керла школаш ян еза», – билгалдаьккхира премьер-министра.

Билгалдеш ду проект кхочушъеш, хIора регионо шен программа кечъяр. Цу тIехь хьесапе оьцур ду школийн меттигаш мел оьшу, федеральни программин положенеш.

Хьалхарчу хьесапашца, тIедогIучу итт шарахь программа кхочушъярна 3 триллион сом гергга ахча оьшур ду, цунах 2 триллион сом гергга федеральни бюджетера хир ду. Билгалдеш ду оцу ахчанийн чоьтах берриге а махкахь юкъарадешаран организацешкахь 6,5 миллион сов меттиг кхоллар.

С.ДАЛАЕВ

 

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: