Синтеман гIаролхошна лерина даздарш

Стомара, 10-чу  ноябрехь, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертийн залехь дIадаьхьира Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун денна лерина даздарш. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, лакхарчу даржашкарчу кхечу наха.16

   Гулбеллачарна хьалха къамел деш Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира регионан бакъонаш ларъяран органаша Нохчийчохь машар а, къепе а хилийтарехь доккха маьIна лелийна хиларна а, тахана а полицин белхахоша тешам боллуш республикехь синтеме хьал хилийтарна кхачоеш хиларна а.

«Вайн гIаланашкахь, ярташкахь машар а, синтем а, къепе а хир яцара, вайн урамаш цIена а, хаза а хир дацара, вайн экономика а, социальни дакъа а кхуьуш хир дацара полицин белхахой ца хиллехь, цара вайн халкъ вахабизман а, экстремизман а кхерамах лардина цахиллехь. Вайн мохк, халкъ царах ларбарехь шайгара стогалла, доьналла, майралла, къонахалла гайтина цара. Тахана а аш дийнахь а, буьйсанна а дIахьо вайн бахархойн синтем, Сийлахь-йоккхачу Россин цхьаалла ларъеш шайн белхан декхарш кхочушдар», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа регионехь бакъонаш ларъяран система меттахIотторан юьххьехь лаьттина хилар. «Иза тешна вара бакъонаш ларъяран органийн меттигерчу белхахойн ницкъашца бен Нохчийчохь кхачам боллуш къепе хIотталург цахилар. Цул тIаьхьа дIаяьллачу хено къеггина гайтира цо хаьржина а некъ мел нийса хилла», – бохура Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, нохчийн халкъан эзарнаш бакъболчу къонахаша къобалдира Ахьмад-Хьаьжас бохуш дерг. Уьш цунна тIаьхьа хIиттира. Цара цунна гIодира Нохчийчохь терроризм а, экстремизм а эшон. «Халахеташ делахь а, дуккха а бIанакъостий дIакъаьстина вайх. Цара шайн дахарш хIокху сийлахьчу некъа тIехь дIаделла. Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхина Нохчийчоьнан МВД-н цхьаъ ах эзар сов белхахо. Вай цкъа а дицдийр дац церан сийлахь хьуьнар», – чIагIдира цо.

КхидIа динчу къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира МВД-н кхелхинчу белхахойн, тIеман арахь чевнаш хиллачу бIаьхойн  доьзалийн гIайгIабар республикин куьйгаллин коьртачу декхарех цхьаъ хилар. Кхузахь гулбеллачаьрга цо дийхира нохчийн махкахь машар а, къепе а хилийтаран дуьхьа шайн дахарш дIаделла болчу бIаьхаллин накъостийн дай-наной, гергарнаш болчу дахар, цаьргахь хIун хьал ду  хьовсар, оьшучунна тIехь царна гIо-накъосталла дар.

Цул тIаьхьа, Кадыров Рамзана совгIаташ дира юкъараллин къепе ларъярехь шайн дахарна кхерам болчу хьелашкахь болх барехь майралла, стогалла гайтинчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахошна. Ялх белхахочунна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна»  мидалш елира, веанна – «Нохчийн Республика ларъярхо» мидалш елира.

Шен къамелехь Алханов Руслана билгалдаькххира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал дIахьочу къийсамна юкъа мах хадийна вер воцу йоккха хазна юьллуш хилар. Цо цунна совгIат дира «Терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь билгалваларна» мидалца.

Даздарш дерзийра концертаца.

Д.АНАДЕВ

 

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: