Россин халкъийн цхьааллин денна лерина кегийрхойн патриотически «Селфи Мира» аьлла йолу акци дIаяьхьира дуьненна а вевзаш волу некъашгездархо, летчик-испытатель, инженер-конструктор Бегак Александр куьйгаллехь волчу тобано.
Халачу некъашкахула а яхалучу машенашкахь Эльбрус лома тIе экспедици ярца дIайоло лерина яра акци. ШолгIа мур тропосферехь (хIаваан уггаре а лахара слой) дIабаьхьира, кхоалгIа – Къилбаседа, Къилба полюсашкахь.
– Дуьне кхоьлличхьана а тIемаш ца хилла оцу меттигашкахь. Цундела мехала ду акци цигахь дIаяхьар. КхидIа яккха йисинчу хенахь цкъа а тIемаш ца беш, машар болуш къаьмнаш даха лаарна къастийна тхан тобано и тайпа цIена, тIеман кIур газа меттигаш, – дийцира А.Бегака.
Проектан коьрта Iалашо ю Россера а, дерриге а дуьнен чуьра а кегийрхой цхьаьнатохар, дерриге а къаьмнийн наха шаьш-шайн даьхначу суьртех (селфи олу царех) «Машар» («Мир») дош яздина, и «Машаран байракх», Россин байракхца цхьаьна, Эльбрус лома тIе яккха.
И байракхаш, ялх чкъург йолчу халачу некъаца йоьдучу машенахь, Эльбрус лома тIе, 5 025 метр кхаччалц лакха яккха лерина бара экспедицин декъашхой, амма ломахь дарц далар бахьана долуш, дIатеттина и гIуллакх. Ткъа проектан кхидолу гIуллакхаш дика дIадаьхьна. Дуьненан массо а маьIIерчу наха дакъалаьцна акцехь.
Миллион сов «селфи» суьрташ даийтина акцин selfie.poletim.ru сайта тIе. Иза тамашийна дац, хIунда аьлча и тайпа суьрташ дахар хIинцалерчу кегийрхошна юкъахь Iаламат даьржина ду. Цундела, дерриге а дуьнено а дакъалаьцна ала мегар ду А.Бегакан «Селфи Мира» акцехь.
Хь.АВХАДОВА
Суьрта тIехь: Нохчийчуьра а, кхийолчу регионашкара а «Селфи Мира» акцин дакъалацархой
№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо