Дукха хан йоццуш, пачхьалкхан къоман политикин Стратеги кхочушъяран гIуллакхашна лерина семинар-кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь. Цигахь билгалделира 2016-чу шарахь Нохчийн Республикехь дIаяхьа лерина Динашна юкъара кегийрхойн дуьненаюкъара кхоалгIа форум хилар. Цу хьокъехь хаам бира Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо Баринов Игора.
«Кху шеран август баттахь Дагестанехь Динашна юкъара кегийрхойн дуьненаюкъара шолгIа форум дIаяхьарна реза а хилира тхо, накъосталла а дира оха. И болх вовшахтоьхначара а, цуьнан дакъалацархоша а хьалххе барт бина рогIера (кхоалгIа) форум 2016-чу шарахь Нохчийн Республикехь дIаяхьа. Тхо цунна чIогIа реза ду», – элира И.Бариновс.
Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь Россина тIегIоьртина радикализман керла кхерам бу. Иза хIинццалц хиллачарел чIогIа а бу. «Бакъонашларъяран органийн а, нуьцкъаллин структурийн а тIегIанехь кийча хилла Iан ца деза вай, цара-м шайн болх вуьшта а беш бу. Вайна кхидIа оьшург хIун ду? Iедалан ерриге а органаша, Iеламнаха, школийн а, вузийн а хьехархоша, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, кегийрхой кхетош-кхиорца, юкъараллин синкхетамна тIеIаткъам барца шайн болх боьзна мел болчара а цхьаьна, цхьабарт болуш болх бар. Вовшех дага а довлуш, дуьхьало ян еза оцу кхерамна», – дийцира Баринов Игора.
Иштта шен къамелехь И.Бариновс билгалдаьккхира, Бусалбанийн динан урхаллашна, Россехь ламасте дирзинчу кепара бусалба дин лелош йолчу тобанашна (тайп-тайпанчу вирдех болу нах) накъосталла дан дезаш хилар а, терроризмана, экстремизмана дуьхьал а йолуш, бусалба динехь йолчу тайп-тайпанчу тобанийн векалшца къамел дан дезаш хилар а.
Билгалдаккха деза, вайн махкахь оцу декъехь дIахьош болчу белхан коьрта Iалашонаш а, декхарш а цкъа а хийцалуш цахилар. Коьрта декхар – тIекхуьу къона чкъор терроризман, экстремизман, радикализман тIеIаткъамах ларбар. Кегийрхой оцу зуламех ларбичий бен, ирсечу кханене сатуьйсийла дац вайн. Цундела, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци тIе а эцийтина, оцу концепцица богIуш, республикин гIаланашкахь, ярташкахь кегийрхой терроризман, экстремизман зуламех ларбаран болх денна а бойту.
А.ХАСБУЛАТОВА
№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо