Россин прокуратурин 292 шо кхачарна лерина даздар хилира кху деношкахь Нохчийн Республикин прокуратурехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди, Россин кхерамазаллин федеральни службин (ФСБ) Нохчийн Республикин урхаллин хьаькам Сережников Андрей, Россин наркотикаш тIехь терго латторан федеральни службин (ФСКН) Нохчийн Республикин урхаллин хьаькам Таймасханов Масхьуд, Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председатель Каратаев Мохьмад, Россин талламан комитетан Нохчийн Республикин талламан урхаллин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Соколов Сергей, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векал Нухажиев Нурди, республикин прокуроран заместительш, районийн прокурораш, республикин прокуратурин белхахой, ветеранаш, кхиболу хьеший.
Цхьаьнакхетар дIадолош маршалла а хаьттина, къамел дира республикин прокуроро.
– 12-чу январехь 292 шо кхаьчна Петр Хьалхарчо пачхьалкхан прокуроран дарж чIагIдаран хьокъехь долу указ арахецна. Дуьххьара оцу дарже хIоттийнарг Ягужински Павел хилла. И дарж оьшуш, хьашт долуш хилар шегарчу масалца дIа а гайтина цо. ХIетахь дуьйна хьалхарнаш дIабовлуш, къонанаш дарже хIуьттуш дуккха а прокурораш хийцабелла, амма уьш берриге а пачхьалкхо тIедехкина декхарш кхочушдарехь шайгара тешам гойтуш чекхбийлина.
Цо иштта дийцира Нохчийчохь прокуратура кхоллаяларх лаьцна т1емаш чекхбевллачул т1аьхьа вайн республикехь прокуратура болх бан йолаяларна къаьсттина тидам т1ебахийтира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца нисделира иза.
КхидIа Ш.Абдул-Кадыровс довзийтира прокуратуро дIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш. Цо дийцарехь, 2013-чу шарахь законаш талхор бахьанехь 47 эзар прокурораша акт хIоттийна, царах административни жоьпе озийна гIуллакхехь волу 20144 стаг, иштта 245 уголовни гIуллакх а долийна, Нохчийн Республикин юкъарчу юрисдицин а, Арбитражни а суьдашка дIаделла 137 миллион гергга соьмана 16 эзар гергга лехаман заявлени. Суьде кхачале дерзийна 49672 закон талхор, хьалхарчу инстанцехь суьде кхачале 2146 уголовни гIуллакх а дерзийна.
2000-чу шарахь дуьйна кхочушдеш дацара школашкарчу дешархошна бовхачу кхачанца, книгашца, медицинин кабинеташца кхачояран хьокъехь долу законодательство. Прокуратуро къахьегар бахьанехь республикин Куьйгалхочун гIоьнца 2013-чу шарахь дуьйна 220 эзар дешархочунна бовха кхача луш бу, царах 36 эзарна – маьхза а. 446 школах 435 школехь дарбалелоран хьашташ кхочушдаран барташ бина. Школашкахь 21-на тIера 93 проценте кхаччалц книгаш алсамяьхна.
Алссам болх бина буоберийн а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берийн а хьашташ кхочушдарехь. ДIадаханчу 2013-чу шарахь Нохчийн Республикин къинхьегаман а, нах балха нисбаран а министерствос 157 петар елла вай буьйцучарна. Прокурораш юкъагIортар бахьанехь и хIусамаш царна дIаяларал совнаха церан дола а яьхна.
Республикин прокурор къамел дина ваьлча 2002-чу шарахь прокуратурин денна лерина дIадаьхьначу даздарехь яьккхина фильм гайтира гулбеллачарна. Цуьнга хьаьвсинчул т1аьхьа вистхилира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Цо билгалдаьккхира: – Ас шу дерриге а декъал до прокуратурин дезачу денца. Аттачех доцу дукъ ду прокурораша шайна тIелаьцнарг, амма мел хала делахь а шайн декхаршца ларош схьадог1уш ду шу. КхидIа а и аттачех доцу, жоьпаллин гIуллакхаш дIадахьа Дала хьуьнар, могашалла лойла шуна. Цул т1аьхьа Республикин Куьйгалхочо А-Хь.Кадыровн орденца совгIат дира республикин прокурорна Абдул-Кадыров Шарпуддина.
«Шарпудди республикина хала даьхкинчу шерашкахь ТIехьа-Мартанан районан прокуроран даржехь къахьоьгуш вара. ХIетахь, 2002-чу шарахь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас «Нохчийн Республикин хьакъволу юрист» цIе яларца билгалваьккхира иза. ХIинца орден а шен къинхьегамца билгалваларна хьакъ ю цунна», – бохура Р.Кадыровс.
Балха тIехь билгалбевллачу кхи а цхьамогIа прокурорашна совгIаташ дира республикин Куьйгалхочо, юха а дезачу денца декъал а бира.
Республикин прокурора а мехала согIаташ дарца билгалбехира кхин а прокурораш.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
