Цхьа-ши дош…

    Шемарчу Латаки  шахьара юккъе ши ракета тоьхна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша. Оцу бохамехь 23 стаг кхелхина, 60 сов стагана чевнаш хилла. Царах дукхахберш кегийрхой бу.

                                                  ***

     Россин  тIеман кеманаша тIаьхьарчу деношкахь ондда тохар дина «Иблисан пачхьалкхан» террористийн герзаш а, патармаш а чохь хиллачу яккхийчу складашна.

                                                  ***

    «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъахь бу дуьненарчу бIе сов пачхьалкхера террористаш а, экстремисташ а. СССР-ра юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара – ворхI эзар сов стаг.

                                                  ***

    ХIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Iамаркан Президент Б.Обама а, Израилан премьер-министр Б.Нетаньяху а. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

                                                  ***

    Великобританин Премьер-министра Д.Кэмерона дIахьедина Евросоюзана реформа ян езаш хилар а, нагахь санна иза ца еш хьал хилахь Ингалс пачхьалкх цу юккъера дIаяла тарлуш хилар а.

                                                  ***

     Чинас дIахьош йолу экономикин политика бахьана долуш США-на цхьана шарахь лаххара а 400 миллиард долларна зен хуьлу.

                                                  ***

    Мигранташ тIеэца а, дIанисбан а йолчу таронех шаьш буьззина пайдаэцна хилар а, кхул тIаьхьа уьш тIеэца шен таро цахилар а хаийтина Швецин куьйгалло.

                                                  ***

Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Кувейтан (эмирца) паччахьца. Цара дийцаре дира Герггарчу Малхбалехь  долу хьал а, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран гIуллакхаш а.

                                                  ***

    Мехкан Правительствон рогIерчу кхеташонехь премьер-министра Д.Медведевс коьрта тидам тIебахийтира керла школаш ян езарна а, дешарна, заманан лехамашка хьаьжжина, хьелаш кхолла дезарна а.

                                                  ***

     Мисара лелаш хилла Россин кеманаш сацорца доьзна мехкан туроператоршна хилла 1,5 миллард сом зен меттахIотто тIелаьцна Iедало.

                                                  ***

    Чинина а, Россина а юкъахь махлелор шина пачхьалкхан ахчанца дIадахьар деккъа хIокху цхьана шарахь шозза алсамдаьлла.

                                                  ***

   ГIебартойн-Балкхаройн коьртачу шахьарахь хIокху деношкахь хIаллаквина «Иблисан пачхьалкхана» тешаме хила чIагIо йина хилла волу бандтобанан куьйгалхо IабдаллахI.

 

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: