Шелковски районан культурин цIийнехь оцу районехь дехачу къаьмнийн культурийн туьшийн фестиваль хилира, «Тхан цIа – Росси» аьллачу кхайкхамца. Адамийн бакъонаш а, маршонаш а Iалашъяран юкъараллин «Коалиция» боламан куьйгалхой бара фестиваль вовшахтоьнарш.
Оцу боламан председатела Яхъяев Денис билгал ма-дарра, Россин Федерацехь хуьлучу юкъараллин-политикин хиламаша боккха тIеIаткъам бо къаьмнийн юкъаметтигашна тIехь терго латторан гIуллакхна. Шелковски станицехь дIаяьхьначу фестивалан коьрта Iалашо яра къаьмнийн уьйр-марзонаш чIагIъяр а, районехь дехачу хIора къоман шатайпаналла, культура, мотт, ламасташ Iалашдарехь а, вайн республикехь дехачу къаьмнийн барт, доттагIалла чIагIдарехь а къахьегар.
Къаьмнийн культурийн фестивалаш кегийрхойн кхетамехь Даймохк, кхузахь дехачу къаьмнийн гIиллакхаш лара Iаморна тIехь шайца доккха беркат долуш ю. Хууш ма-хиллара, Шелковски районехь ногIийн, гIезалойн, туркойн, оьрсийн, гIумкийн къаьмнийн культурийн туьшаш ю. Оцу хIора къоман мотт а, культура а вайн республикин культурин бахамна юкъахь йоккха хазна ю.
Фестивалан хьовсархошна хазахетар хилира, хIора тоба а сцени тIе йолуш, шайн къоман духаршца къоман хелхарш деш а, иллеш, эшарш локхуш а хезча. Проект вайн республикин хIора районехь дIахьош ю коалици «МОД», Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а гIоьнца.
Фестиваль йирзира дакъалаьцначу къаьмнийн культурийн туьшийн декъашхошна совгIаташ, дипломаш луш.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо