Зийра студентийн къоман культурин хаарш

Нохчийн пачхьалкхан университетехь дIаяьхьира студентийн «ХIун? Мичахь? Маца?» цIе йолчу интеллектуальни ловзаран къасторан 5-гIа тур. Иза дIаяхьаран Iалашо яра кегийрхошна къоман культура йовзийтар.

Цигахь дакъалоцуш бара университетан ерриге а факультеташкара студенташ. Билгалбаха безаш бара уггаре а дика нохчийн гIиллакхаш, гIуллакхаш девза студенташ. Жюрин декъашхошна боккха кхаъ хиллера студенташна дика, кIорггера нохчийн гIиллакхаш хууш хиларх.

Жюрис билгалъехира толаман меттигаш:

Хьалхара меттиг – георгафин а, геоэкологин а факультетан тоба; шолгIа – пачхьалкхан урхаллин факультетан тоба; кхоалгIа – медицински институтан тоба.

 

З.САГАЕВА

 

№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: