Дешаран керланаш

Школашкахь жамIаш даран белхаш бийр бу

Декабрь беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийн Республикин школийн дешархоша жамIашдаран сочиненеш  язйийр ю. Пачхьалкхан жамIашдаран аттестацин бакъенашца нийса а догIуш хир ду сочиненеш язъяр. Оцу хенахь цхьа бух болчу бахьанашца юкъарабевллачу дешархошна магийна сочиненеш 2016-чу шеран 3-чу февралехь а, 4-чу майхь а дIаялар. Сочинени шолгIа язъян бакъо лур ю лахара  баллаш хиллачарна а, ткъа таронаш кIезиг йолчарна (заьIапчу дешархошна) изложени язйича а могуьйтур ду.дешар

          Кхиамца сочинени язйиначунна бен пачхьалкхан жамIашдаран аттестацина юкъаваха бакъо луш  яц. Сочинени язъяран  235 минот ю, ткъа аьттонаш кIезиг болчу дешархошна  кхитIе а 1 сахьт, 50 минот лур ю.

Школийн комиссийн тобанаша толлур бу сочиненин белхаш, церан мах хадоран хьесап  баллашкахь  хир дац, «Зачет» я «незачет» аьлла  хир ду. Сочиненин мах хадоран бакъенаш пхеа лехамца хир ю. Уьш: билгалйинчу темица йогIуш хилар, литературин гIирс лелон хаар, сочинени язъяран композици ларъяр, логика, дийцаре дар нийса хилар, барта дийцаран а, йозанан кепийн а нийсалла.

 

Билгалбевлира «Адам кхиошверг» конкурсан толамхой

   Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь «Адам кхиошверг» конкурсан жамIаш дира. Иза дешархой кхиорехь педагогика Iилманехь керлачу технологех пайдаэцар довзийтаран Iалашонца йина яра.

   Конкурсехь дакъалаца чуелла 17 заявка яра. Къасторан туран финале ваьлларг Соьлжа-ГIалара 7 кхетош-кхиархо вара. Уьш бара №3 йолчу гимназин, №20, №39, №10, №37, №57, №56 йолчу школийн хьехархой.

ТIаьххьара къовсам царна юкъахь бара. Жюрин декъашхой кхетара шайна хьалха хIоттийнарг аттачех декхар цахилара. Тоьллачарна юккъехь а тоьлларш билгалбаха дезара церан. Хьалхарчу меттехь яра Соьлжа-ГIаларчу №37 йолчу школин 7 «А» классан куьйгалхо Цугаева Зарина, шолг1ачу меттехь Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу школин хьехархо Эскиева Мадина, кхоалг1а меттиг яьккхира №57 йолчу школин хьехархочо Чагаева Ритас.

Толамхошна а, конкурсан дакъалацархошна а дипломаш а, зезагийн курсаш а елира.

З.ХИЗИРОВА

 

№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: