«Нохчийн Республикин уггаре а дика школа–2015» цIе йолчу республикин конкурсе заявкаш дIаэцаран хан вовшахтохараллин комитетан сацамца 15-гIа ноябрь кхаччалц дахдина.
Регионан «Нохчийн Республикин уггаре а дика школа–2015» конкурс Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца дIахьо Нохчийн Республикехь йолчу юккъерчу дешаран школашна юкъахь.
Конкурсан коьрта Iалашо ю дешаран а, кхетош-кхиоран а дакъошкахь уггаре а дикачу кхиамашка кхаьчна йолу школа къастор.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила дийцарехь, конкурс дIахьо уггаре а дикачу кхиамашка кхаьчна йолчу школашна зеделлачух юкъараллига пайдаэцийтаран Iалашонца. Ишттачу конкурсаша гIодо школийн кхиарна оьшуш дерг гучудаккха.
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо