Хьан кIанта-м бIе туьма делира
СагIа доьхучунна итт туьма а делла, тIехволучу БаIисе:
– Хьан кIанта-м бIе туьма делира хьуна суна…
– Ас а дера лур дара цуьнан метта хилча, да и кхаба гIерташ шинхьа болх беш ма ву цуьнан.
Кхана дIадига дезаш хилча…
БIаьрса дика доцчу БаIиса берийн бешара беран бер цIадалийна, иза доьлхуш юхагIертташехь. ЦIа кхаьчча зудчо мохь аьлла:
– Стаг, шийлачу белхарца ахь далийнарг нехан бер ма ду. ХIара хIунда далийна ахь?
– ДIаялахь, зуда, хIун бен ду иза, кхана Iуьйрре дIадига дезаш хилча, – кIелхьаравала гIоьртина БаIис.
Кхин дан хIума дац хьан?
Цкъа, катоьхна схьа а лаьцна, КГБ-н набахти чу кхоьссина хилла БаIис, кхуьнгара даьлла хIума а доцуш. ХIора ши-кхо сахьт мел дели чуоьхуш барт хоттуш хилла талламхо:
– Дийцал, хьо мичара ву? Да мила ву хьан?
Лулахо мила ву? Иза маца гина хьуна?..
Юх-юха а цо и хаттарш деш кIорда а дина:
– Накъост, хьо баккъал а кхин хIумма а хатта хууш вац я кхин дан хIума доцуш ву? – аьлла БаIиса.
Гулдинарг – С.ХАМЗАТОВ
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо