Поэтан кхоллараллин лехамаш

Рашидов Шаидан – 75 шо 

Нохчийн Республикин халкъан  яздархочо Рашидов Шаида шен дуьххьарлера стихаш гIиргIизойн маттахь язйина. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ГIиргIизойн махкахь Iийна РашидовгIеран доьзал. Юккъера школа а гIиргIизойн маттахь тIех дикачу хааршца (дашо мидал а луш) чекхъяьккхина Шаида. Цуьнан дуьххьарлера стихаш районан газеташ тIехь   арайийлина. Нохчийн маттахь яздан волавелла 1956-чу шарахь. ХIетахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арахоьцуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газет тIехь араяьлла цуьнан нохчийн маттахь йолу дуьххьарлера стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, поэтан произведенеш арайийлина районийн, республикин газетийн агIонаш тIехь а, «Орга» альманаха тIехь а, юкъарчу гуларшкахь а. Иштта, цуьнан стихотворенеш а, поэмаш а зорбатоьхна «БIе мукъам», «Нохчийн эшарш» цIерш йолчу юкъарчу гуларш тIехь а, шина антологи тIехь а: «Антология чечено-ингушской поэзии» (1981), «Нохчийн поэзин антологи» (2003).      

 Снимок

Поэтан дуьххьарлера  книга араяьлла 1968-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь. Иза яра «Iуьйренан тхи» цIе йолу стихийн гулар.

Цул тIаьхьа, дукха хье ца луш, араяьлла Рашидов Шаидан «Седарчийн буьйса» (1971)  цIе йолу стихийн шолгIа гулар. Поэт хаддаза кхоллараллин лехамехь хилла хан ю и шераш. Баккхийчу нохчийн яздархойх Мамакаев Мохьмадах, Сулаев Мохьмадах, Гадаев Мохьмад-Салахьах, кхечарах а  дага а вуьйлуш, цаьргара гIо а хуьлуш, поэзехь шен некъ лехна Рашидов Шаида. Цуьнан поэзин шатайпаналла билгалъяьлла 1975-чу шарахь зорбатоьхначу «Сатийсар» цIе йолчу книги тIехь. Иза поэтан кхоалгIа книга яра, ерриге стихотворенех лаьтташ а йолуш. Шайн чулацаме хьаьжжина кхаа декъе екъна автора цу тIера стихотворенеш. Хьалхара дакъа «Даймехкан некъашца», нийсса ах книга дIалоцуш, доккха ду. Цу юкъаяхна Даймахках, даймехкан къонахех, ненах, къоман гIиллакх-оьздангаллех, машаран уьйрех лаьцна стихотворенеш: «Даймехкан некъашца», «Вина латта», «Гечделахь, нана», «Сан деган аз», кхиерш а. Книгин шолгIачу декъан цIе ю «Сан гIаргIанаш». Иза Iаламах лаьцначу стихотворенешна лерина ду: «Сан гIаргIанаш»,  «Iуьйре»,  «Iуьйренца маьлхан зIаьнарша», «Малх гIаьтти», кхиерш а. «Илланча сох винарг» цIе йолчу кхоалгIачу декъа тIехь безаман лирика ю: «Илланча сох винарг», «Сатийсар», «Юккъе йоьдуш лаьтта буьйса…», «Йиллинчу меттехь», кхиерш а.  Шайн чулацамца, маьIница стихийн циклаш ларало и дакъош. Жанран башхаллашца лирически произведенеш ю уьш. Рашидов Шаид поэт-лирик хилар кхин цкъа а къеггина билгалделира «Сатийсар» книгин чулацамца. Лирически произведенийн къаьсттина шайн башхаллаш ю дахар гайтарехь. Искусствон теоретика Г.В. Гегела билгалдаьккхина: «Дахарехь дерг поэта шен даг чу а эцна, цунах шен чулацам бан безаш хиларх бохку лирикин коьрта лехамаш». Дуьненан хиламаш, дахарера гIуллакхаш шен даг чу «схьаоьцу» поэта, тIаккха цуьнан кхоллалуш йолу ойланаш ю вайна лирически произведенешкахь хаалурш. Шена гонахарчу дахарца, дуьненца поэтан йолу юкъаметтигаш го вайна цуьнан лирикехь. Бакъволчу поэтан шен ду дуьнене хьежар, дуьненахь дерг тIеэцар а шен ду цуьнан, ткъа иза исбаьхьаллин васте дерзор а, васт кхоллар а шатайпана ду хIора авторан. Иштта. оцу шатайпаналлех кхоллало хIора поэтан исбаьхьаллин хатI.

Рашидов Шаидах, цуьнан кхоллараллех лаьцна Яшуркаев Султана яздо: «Шен поэтически бIаьрса долуш ву Шаид, кхечуьнан тидам а ца хинберг и ца гуш тIехваьнверг гуш бIаьрса ала гIерта со – дуьне, Iалам, адам дезар а, церан хазалла гар а ду иза. Цхьаверг хуьлу хIумане хьажар а, и гар а кхоьлина а йолчу дог-ойланца, бIаьрсица долуш, ишттачо гуттар а ша шен а вуу, кхечарна садууш къийзораш а йо… Шаидан похIма а, дуьнене хьажар а, и гар а серлонца ду, оцу серлоно дуьненах самукъадалар ло, цуо лучу синхаамо, авторна а, цуьнан  ешархочунна а ницкъ ца беш, гIайгIане ца вожош, малх кхеттачу агIор гойту дуьне а, дахар а, и агIо хьаам болуш а, беркате а ю адаман сина. И диканиг а, мехала дерг а хета Шаидца а, цуьнан кхоллараллица а.

Рашидов Шаидан лирически поэзи чулацамца а, исбаьхьаллин башхаллашца а хаддаза кхуьуш схьаеана. Кест-кеста арайийлина цуьнан поэтически книгаш. Царах ю лакхахь хьахийначу кхааннал совнаха: «Дайн латта» (1979),  «Ломара цIе» (1986),  «Дахаран аре» (1990), «Ненан бIаьрхиш» (1995), «Иллеш, эшарш» (2004), «Кхоллам» (2005), «Дикалла» (2006), «Сацахьа, латта» (2007), «Къайле» (2008), «Яьссин тогIехь» (2010), «Догу дог» (2014), «Хаьржинарш» (2014), «Нана-Нохчийчоь» (2015). Оьрсийн маттахь Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а араяьлла 4 книга: «Родниковое утро» (1981), «Исток» (1987), «Мои тополя» (1989), «Дорога жизни» (2012).

Рашидов Шаид а, цуьнан могIарехь болу яздархой а беран хенахь Даймахках а баьхна, хаддаза цуьнга сатуьйсуш хьалакхиъна бу. Цундела хир ю церан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш Даймахках лаьцна произведенеш.

Жимачохь дуьйна а шен ойланехь «Даймехкан некъашца» лелла Рашидов Шаид:

 

Бераллехь волий со воьдура лома, 

Вуьйлура лекхачу аьрцнашна буьххье,

…………………………………………

Мелачу мохо со хьоьстура хийла,

Даймехкан сурт хIоттош бай тIе лахлора.

БIаьрго схьа ма-лоццу геналлехь сийна,

Хьалха ца гина меттигаш гора.              

 

Бераллехь Даймахке бахана безам хан яларца чIагIлуш схьабеана поэтан. Авторан арахецначу 20 книгех  хIоранна тIехь  а  алссам ю поэтан шен Даймахке, винчу лаьтте, халкъе йолчу  йовхачу ойланашца язйина стихотворенеш. Царна тIехь къеггина го поэтан шен махкаца, халкъаца йолу хьанал юкъаметтигаш. Цо, мохь бетташ кхайкха ца бо Даймахке болу безам. Тийна, аьхна, аттачу маттаца дуьйцу поэта шен дагахь дерг. Цо кхуллуш долу исбаьхьаллин васт, Iаламан сурт чолхе йоцуш, шех атта кхеташ, даг чу дуьжуш хуьлу:

 

Йоккха хьун. Даккхийра дитташ.

Башх-башха хьозарчийн аьзнаш.

Къийзавеш апрелан нитташ.

Шовданаш, Даймехкан хазнаш.

 

Юххехь го зезагаш кхиъна.

Беснаш кIайн, цIен, можа, сийна.

Лах а ло уьш хьаста лиъна.

ГIотту со-м, хьостуш а Iийна.

 

ДегIана ницкъ ло сан цара,

Массаьрга маршалла хотту.

Церан а соьца бу лерам,

Бацахь а дагна бу моьтту.

 

Рашидов Шаидан лирикехь Даймехкан хьалха дIадахнарг а, хIинцалерниг а, хиндерг а поэтан дагах кхеташ, цуьнан дагчухула чекхдолуш санна хетало. Иза къаьсттина го Нохчийчохь лаьттинчу тIаьххьарлерчу шина бохамах поэта ечу дегаIийжаме ойланашкахь а:

 

ХIун хила доллу-те

Дуьнен тIехь вайна?

Аренаш тишъелла,

Iаьржа кIурз буьллуш.

Хийла а къонахий

 

Лар йоцуш байна.

Наной а лелаш бу

Баланаш муьйлуш.

 

Поэтан дагара лазаме аз долу: «Адамаш хIунда дац – ТIемаш бан кIордош?». КIорггера сахьийзачу ойланашца чекхйолу «Есачу хIусамехь» цIе йолу и стихотворени:

 

Цхьаъ ву со хиъна Iаш

Есачу хIусамехь.

Ойланаш кхерсташ ю

Стиглане евлла.

Тахана хуьлуш дерг

Ас стенца дуста?

Махкана еш ю сан

Ца йоьрзу чевнаш.

 

Йоккха йоцчу текста тIехь тIеттIа кхузза далийначу риторически хаттарша («ХIун хила доллу-те / Дуьнен тIехь вайна?»,  «Адамаш хIунда дац / ТIемаш бан кIордош?». «Тахана хуьлуш дерг / Ас стенца дуста?») гIо до поэтан гIайгIане ойла къеггина билгалъяккха а, йоьшуш волчуьнга иза дIакхачо а. Даймахкана йина «ца йоьрзу чевнаш», халкъе беана бала Iаьткъина поэтана. Цуьнан кийрахь хаддаза лаьттинчу дог дагочу лазамо кхоьллина ю стихаш: «Эзарза воьжна со», «Сан деган орамаш», «Iийжаме кехат», «Iожалла», «Юха а тIедетта», «Шераш-м дIаоьху», «Нохчийчоь еттало…»,  дуккха а кхиерш а. Церан юкъара маьIна билгалдолу поэтан «Сан дахар къахьделла» стихотворенехь:

 

Сан дахар къахьделла!

Къахь ца ло муха?

Вежарий эгабеш,

ДIабоьду тIом.

Сан безам къахьбелла!

Къахь ца ло муха?

Йижарийн бIаьрхиш гуш

Iийжаш вай со-м. 

 

Сан дог а шелделла!

Шел ца ло муха?

Хьомечу Даймахках

ЦIе яьлла гуш.

Сан бIаьргаш тIунделла!

ТIун ца ло муха?

Бехкбоцурш оьрнаш чу

Кхийса дIахьош.

…………………………

Сан дахар дацлуш ду!

Дац ца ло муха?

Доллучу ирсах а

Хадийча со.

Сан ойла кхоьлина!

Ца кхулу муха?

Балано биллича

Махкана гуо.

Cтихотворенина исбаьхьалла луш ерг коьрта долчу декъана  цуьнан синтаксис ю: риторически айдарш, риторически хаттарш, рефрен. Оцу поэтически говза далийначу айдаршца, хаттаршца, шатайпанчу юхааларшца билгалбовлу лирически турпалхочун карзахе синхаамаш.

Къегина эпитеташ, чолхе метафораш, маьIна даста хала йолу символаш я кхидолу деза-даккхий дешнаш ца леладо поэта Даймахке, халкъе йолу шен шовкъаш гучуйохуш. Цуьнан стихийн лексика дукха хьолахь шайн ма-дарра долчу маьIнехь далийначу нохчийн меттан дешнех лаьтташ хуьлу, паргIат дечу къамелан кепехь стихотворени а йолуш:

 

Эзарнаш шерашкахь

Стиглане кхийдаш,

Лаьтташ ду Кавказан

Мокхазан лаьмнаш.

ТIулгаш тIехь шабарш деш

Аренга кхийдаш,

Хиш догIу карзахе

Юьзна тIех саьнгарш.    

……………………….

Мархаш а хуьлуш ю

ТIехула сецаш,

 

Набарна тевжина

Некъахо санна.

Даима сан дагна

Гергара хеташ,

Кавказан лаьмнаш ду

Массо а ханна.

 

«Рашидов Шаидан лирикехь Даймехкан мукъамаш дуккха а алсам бу кхечу мукъамел. Ешархочун синхаамаш кIорггера меттахбохуш, тIеIаткъам чIогIа болуш ду цуьнан Нохчийчоьнах лаьцна мел яздинарг. Нохчийн къоман дIадахнарг, долуш дерг, хиндерг а цхьабосса гергара ду Рашидовна», – яздо критика Бурчаев Хьаьлима

Нохчийн поэзехь даима а Даймахке болу безам нене болчу безамца цхьаьна балош хилла. Нана а, Даймохк а – и ши кхетам вовшах ца къастош, дукха хьолахь цхьаьна лелаш бу къоман барта кхоллараллехь а, исбаьхьаллин литературехь а. Нана-Даймохк, Нана-Нохчийчоь – сийлахь дешнаш ду, цаьрца билгалдолу шен махке, нене цхьатерра лерам хилар. Рашидов Шаидан кхоллараллехь ненан васт иза яздан волавелчахьана дуьйна таханенга схьадогIуш ду. Поэта ненах лаьцна дуьххьара язйинчарах ю 1975-чу шарахь зорбатоьхначу «Сатийсар» стихийн гулар тIера «Гечделахь, нана» стихотворени. Цуьнан маьIна стихотворенин цIарца билгалдаьккхина автора. «Ойлане йоьжна», тийна Iачу шен нене кIанта ден къамел ду стихотворенин чулацамехь. Лирически монологах лаьтташ ю иза.

Нохчийчохь лаьттинчу бохамаша холчу хIиттийначу нанойх, йижарех кIорггера дог лазарца язйина стихаш ю поэтан: «ЭхI, юха а цхьа нана бIарзъелла хьийза…», «Нана ю йоьлхуш», «БIаьрхиш», «Нохчочун нана», «КIант велла нана», «КIант воьжна нана», «Хьан ши бIаьрг боьлху», «Байлахь мохк», «Нохчийчоь йоьлху», кхиерш а. Адамийн  лазам поэтан даг чу кхочу, цуьнан ютIкъелла ойла го оцу стихашкахь.

Рашидов Шаидан кхолларалла къоман дахаран дуккха а агIонаш чулоцуш ю. Сийлахь Даймохк, ненан марзо, цIена безам, тешамен доттагIалла, нохчийн гIиллакх, оьздангалла, адамийн къинхетам,  къаьмнашна юкъара машаре уьйраш – и дерриге а ду яздархочун произведенешкахь, оцу дерригенан а ойла йо автора. Поэта «Сан деган аз» стихотворени тIехь боху: «ХIан-хIа, ас хестабац бахам, / Хьаькмалла хеста дац ас. / Хьесталуш цхьанна а хьалха / Даьлла дац сан деган аз». Ткъа хIун ду поэта хастаме лоруш дерг, муьлхарш ю цуьнан поэзин мехаллаш? Оцу хьокъехь кхидIа боху стихотворенехь:

 

Хестабо ас Даймохк, безам,

Да, нана, сайн хьоме халкъ.

Хестабо доттагIийн тешам,

Хестадо харц эшо Бакъ.

Хестайо стигланаш сийна,

Адамаш – лардийраш эхь.

Хестайо мехкаршлахь хийла

Оьздалла йолуш ерг шехь.

Хестайо аренаш, лаьмнаш,

Лулахой, массо а къам.

Хестайо исбаьхьа хьаннаш,

Куралла царех ю сан.

 

И дерриге долуш ду поэтан кхоллараллехь, амма цуьнан лерринчу тидамехь ю цхьайолу теманаш. «Кхаа дашца Шаидан поэзин тематика билгалъяккха езаш хилча, далор дара «Даймохк», «Нана», »Безам» боху дешнаш. ЦIеначу безамо дог тIома доккхуш, Даймахке безамо дахарна ницкъ луш, шен нене безамо гIалатех ларвеш, чолхечу «дахаран аренах» корта айъина чекхвала гIерта цуьнан поэзин турпалхо», – яздо «Даймохк» газето.

Безаман лирика ю Рашидов Шаидан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш. Цо арахоьцучу муьлххачу поэтически книги тIехь ах гергга безамах лаьцна стихотворенеш хуьлу.  Масала, Москвахь 2014-чу шарахь араяьллачу «Хаьржинарш» книги тIехь зорбатоьхначу 359 стихотворенех 165 безаман лирикех ю. ЙоIе болчу безамах лаьцна йолу поэтан стихаш шайн дукхаллица къаьстина Iаш яц нохчийн поэзехь, уьш шайн башхачу исбаьхьаллица а къаьсташ ю. Церан коьрта башхалла ю исбаьхьаллин васт шеца чолхалла йоцуш, цхьа дай, сирла, аьхна хилар, милла а шех кхетар волуш, хьеннан а дагах хьакхалуш, муьлхачуьнан а синхаамаш меттахбохуш хилар.

Кочара и туьтеш сийна

Мичара девлла, йоI, хьуна?

Сийсара седарчий стиглахь

Ца тоьаш хийтира суна.

 

Уьш ду-те, Iаьршашкахь цхьаммо

Лехьийна, кIайчу тайх доьзнарш?

Суначул тIех йийзи хьанна?

Мила ву хьуна сол везнарг?

 

Ткъа ас хьан ши чIаба юьзна

Седарчий ухкур ду хьуна.

Коча бутт уллур бу буьзна,

Безамца цкъа къажахь суна.

 

Мел товш ду и туьтеш сийна!

Ала, уьш хьан делла хьуна?

Дагардеш, седарчий стиглахь

Ца тоьуш хийтира суна.

 

Езаеллачу йоIе дечу къамелан кепехь ю «И туьтеш сийна…» стихотворени. Стихан ритм цхьанаэшшара ю, цхьанхьа а йохийна йоцуш, дош хаьржина ду, мотт атта бу. Ерриге рифмаш зударийн ю, рифмовка жIарийн а йолуш. Аллитерацех, ассонансах пайдаэцна, риторически хаттарш а, айдарш а далийна. Оцу дерригено стихотворенин шера, аьхна мукъам кхоьллина.  Рашидов Шаидан ерриге а поэзи а ю аьхначу мукъамехь. Цуьнан 350 сов стихотворени композиторша иллешка, эшаршка ерзийна. Шуьйра даьржина  цуьнан стихаш тIехь даьхна иллеш, эшарш. Адамийн догъоьцуш, ойла ютIкъайой, бIаьргех хи доккхуш ду царах дуккхахдерш а. Нохчийчохь хьовха, Россин дозанал арахьа а девзина уьш. Иорданера веанчу Iабдул-Бакъин Джамон кIанта ХIарона дийцина «Иорданех ойланаш» стихотворени тIехь даьккхинчу иллино делхийра шаьш, бохуш. ХIинца шена тIедиллина хьоьга Иордане кхайкхар аьлла, Шаиде Иордане кхайкхинера цо. Боккха ницкъ бу дикачу стихаш тIехь кхоьллинчу иллин. Цуруев Шерипа яздо: «Рашидовн поэзин, суна хетарехь, доккха маьIна ду нохчийн мотт ларбарехь, нохчийн дешан дахаран ойла шоръярехь. Рашидовн оццул дукха байташ иллешка, эшаршка ерзаран а ду шен бахьана: уьш маттана шера, маьIнийн а, исбаьхьаллин гIирсийн а чолхалла йоцуш ю. Атта рифмаш еш, ритм луьрра ларъеш, массарна герга йолу ойланаш. Массарна дагах кхеташ болу синхаамаш массо а кхетачу дешнашца бийцар – и дерриге долуш ду Рашидовн байташкахь. Цундела ю уьш мукъаме евлла, лакхаяла кечъелча санна…»

Рашидов Шаид поэт-лирик хилла ца Iа, цуьнан кхоллараллехь тайп-тайпанчу жанрашкахь произведенеш ю: лирически стихаш, сюжет йолу стихотворенеш, назманаш, поэмаш, балладаш,  легендаш, дийцарш, повесташ, хIинца йоккхачу роман тIехь болх беш а ву. Цуьнан произведенеш арайийлина гIалгIайн, оьрсийн, т1ирг1изаш, казахийн, таджикийн, хIирийн, кхечу а меттанашкахь.

Шен цхьана интервьюхь Рашидов Шаида аьлла: «Атта ваха бакъо яц поэтан. Вуьшта аьлча, шен хьаштийн, лаамийн, лазамийн лай хилла лелийла дац. Адамалла хила еза цуьнца, оцу дешан дуьззинчу маьIнехь йолу адамалла. Поэтана хьарам ю куралла, хьагI. Даймохк, нана, ненан мотт, безам, сий, исбаьхьа Iалам – уггаре дезчух, сийлахьчух, сирлачух яздо муьлххачу а поэто. Ша яздечунна, байракх йина кхайкхочунна хьакъ хила гIерта веза поэт ву бохург. Диканиг лууш а, дикачунна орцах волуш а хила веза».

Иштта бу Рашидов Шаидан дахаран а, кхоллараллин а лехамаш. Беркате бу уьш.

 

АРСАНУКАЕВ  Iабдулла

 

№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: