Вина 75 шо кхачарца Нохчийн Республикин халкъан яздархо Рашидов Шаид декъалво Нохчийн Республикин яздархойн союзо а, «Даймохк» газетан редакцин коллективо а.
Даймахке, халкъе, нене болчу безамах юьзна йолу хьан поэзи доккхачу маьIне ю кегийрхой патриотически дог-ойланехь кхиорехь, диканиг, сирланиг даржорехь. Ахь гуттар а хестайо адамалла, догдикалла, цIена безам, доттагIалла. Халкъо дезаш тIеэцна хьан дешнаш тIехь нохчийн композиторша даьхна иллеш. Хьан кхолларалло хьакъ йоллу меттиг дIалоцу вайн заманан нохчийн литературехь.
Даггара лаьа, кхоллараллехь керла лакхенаш йохуш, дахарехь ирс-аьтто нислуш, Дала кхин а дуккха а шерашкахь могаш-маьрша хьо вахавойла!
Нохчийн Республикин яздархойн союз,
«Даймохк» газетан редакцин коллектив
***
Сан Даймохк,
Сан безам,
Сан деган серло,
Хьоьцанна
Сан дахар
Малхаца къега.
Даг чохь хьо
Мел бу сайн,
Евзаш вац
Шело.
Ахь меттиг
Йитна яц
Цхьаннех а
Хьега.
Баланаш лелхабеш,
Берах ахь хьоьсту,
Тешаме, хьекъале
Накъост а хилла.
Хьан сий деш, тIалам беш,
Хьох ойла йоьзна,
Вехаш верг вуьсур вац
Дахарехь гIийла.
Хьайн берийн хуьнарша
Хьо буьгу хьалха,
ХIора ду хьан берех
Хьан бIаьра хьаьжна.
Кхерам кхин бац хьуна
МостагIехьара –
Оха, ахь тхо санна,
Ларбан тIелаьцна.
Винчу махкахь
Суьйре еъна,
Бода беъча,
Коьрте хьийза ойланаш.
Кхузахь санна,
Махкахь цхьанхьа,
Дуй-те чомахь шовданаш?
Лаьмнаш дера,
Аре шера
Кхуьу мехкан бахамаш.
ДогIмаш тайна,
Дегнаш майра,
Деха оьзда адамаш.
Стиглахь седа
Башха лепа,
Даймохк хазбеш исбаьхьа.
Суна-м хаац,
Стенна Iалац,
Тийна вехаш юьстаха.
Суьйре еъна,
Бода беъча,
Коьрте хьийза ойланаш.
Кхузахь санна,
Махкахь цхьанхьа,
Теша, хир дац шовданаш.
***
Гечделахь, Нана
Сан нана, хьо стенна
ойлане йоьжна,
Кийра хьан богу-те,
гIалат сох доьжна?
Резаеш, со цIергахь
вага ву кийча,
Дог а ду детталуш
довхачу цIийца.
Амма го хеназа
къежбелла корта,
Халонаш дахарехь
лайна ахь шорта,
Нана, хьан дикалла
кхачаяц йийцарх,
Дешнашца ларавац
безам хьоь бийца.
Хийла сох гIалатло
йоьжна а хир ю,
БIаьргех хи даллал дог
Iовжийна хир ду,
Делахь а, нана, сох
къинхетам белахь,
Дийлинчу гIалатийн
хьесап ма делахь.
***
Иорданех ойланаш
Иордани…Иордани…
Гене, суна ганза мохк.
Бахнарш, тесна Башлам, аре
Муха беха хьуна чохь?
Йицъеллий-те Кавказ царна?
Дицделлий-те шовданаш?
Дагахь дуй-те царах цхьанна
Ваьхна юрт я дедайн каш?
Дерриге а диц а делла,
Малхо боттуш, богу-те?
Я ирс лоьхуш, хьаьвдда лелла,
ГIамарш кегош доккху-де?
Дагахь юй-те тулгIеш Теркан?
Дагахь дуй-те Орга-хи?
Хезча халкъан илли декаш,
Хьодий техьа бIаьргех хи?
Маршо йоцуш, Даймохк боцуш,
Хийра махкахь диси-те?
Ловзарш хаьдда, хелхарш доцуш,
Сатийсаран яйна цIе?
Ларделлий-те гIиллакх къоман?
Бицбеллий-те ненан мотт?
ПаргIато а нохчийн лома
Кхачар хаьий, йой-те чот?
Я дог-ойла дIа а яьлла,
Мара къуьйлуш хийра мохк,
Ловш шаьш лолла, ловш шаьш къелла,
Беха коьртехь дижна дохк?
Аса боху: делхийтийша
Дашо догIа кхечанхьа,
Со сайн махкахь аш витийша,
ТIулгаш делхарх, билларх ша.
***
Баркалла, адамаш!
Баркалла, со везаш кхиийначарна,
Шелвелла, мацвелла висарна кхоьруш!
Баркалла, халкъана сан тIалам барна,
ГIуллакхца, гIиллакхца доггах со лоьруш!
Баркалла, бIаьстенгахь ойла хьастарна,
Бай кхолуш, зезагех къарзйина аре…
Баркалла, хьомениг, гIура ястарна,
Сан даг чу кховдийна безаман алу!
Баркалла, доттагIий, вон, дика соьца
Декъарна, кIеззиг а юьстах ца довлуш,
Суна тIе хIоьттинарг шайна тIеоьций,
Сан дахар хаздарна, мара а къовлуш!
Баркалла, шуна а, шалха мотт эцна,
ГIиртинарш харцонаш суна тIехь кхолла,
ДIаьвшечу дешнашца хуталш а хецна, –
Iаморна верза со дуьхьала вонна…
Баркалла, массарна, дахарехь хийла
ГIодарна, дуьххьара ког баккха Iемаш.
Дуй буу, лаьтта тIехь суо мел ву дийна,
Вехар ву, диканна даржийна тIемаш.
Баркалла, со везаш кхиийначарна,
Халонехь гIелвелла вожарна кхоьруш,
Баркалла, адамаш, дехаш хиларна,
Воккхаве шун ирсан дебаре хьоьжуш!
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо