Вайн юкъаралла кхоччуш цIанъелла ца яьлла экстремизман хьунах. ХIинца а наггахь кегийрхошна юкъахь хаало цаьргахьа ойла лесташ берш, Iаьнарца а, духарца а, леларца а, барзакъца а царах тарбала лууш берш. Оцу бакъдолчо вайна массарна а тIедожадо экстремизман идеологина дуьхьал луьра къийсам дIабахьар. Оцу декъехь шайна тIехь долчу жоьпаллех кIорггера кхетарца болх беш бу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин организацешца а зIенаш латторан департаментан куьйгалхой а, говзанчаш а.
Иштта, масех де хьалха оцу департаментан дIадолорца Нохчийчоьнан экономикин а, урхаллин а колледжан студенташца цхьаьнакхийтира департаментан директор Дадаев Ризван, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Хийтанаев Мохьмад, Нохчийчоьнан Парламентан депутат Жамалайи Сайд-Хьамзат. Соьлжа-ГIалин Октябрьски районан префект Исмаилов Русланбек, полицин Октябрьски районан отделан хьаькам Демильханов Асламбек.
Цхьаьнакхетаран юьххьехь Хийтанаев Мохьмада дийцира экстремизм а, терроризм а кхоллаяларх, оцу шина боламо шаьш кхоллабелчахьана дуьйна бусалбанашна юкъахь даржийначу питанех, цара динчу зуламех лаьцна. ХIокху заманахь къаьсттина алсамдевлла террористаша а, экстремисташа а бусалбанашна деш долу зенаш, зуламаш, цара цаьргахь латтош долу Iазап. Оцу боламаша шайн могIарш стамдо кхиазхой а, кегийрхой а харц хьехамаш барца Iехош, уьш галбохуш.
– Кегийрхой Iехоран коьрта гIирс хилла дIахIоьттина тахана интернет. Социальни сеташкахь хуьлу кегийрхой Шемахь дIабоьдучу тIаме кхойкхуш йолу тайп-тайпана видеоматериалаш. Халахеташ делахь а, хIинца а цхьаболу кегийрхой Iехало вахабиташа, экстремисташа дуьйцучух, тIаккха церан Iаткъамна кIел нисло. Ткъа цуьнан тIаьхье Iаламат вуон хуьлу. Вайн кегийрхой Iеххане а Iехабала ца беза терроризман а, экстремизман а идеологаша дуьйцуш долчух. Шайн шеко кхоллаелларг, шайна ца хуург кегийрхоша вайн Iеламнахе хатта деза. Шемахь, Иракехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша дIахьош берг хIун тIом бу хууш дуккха а Iеламнах бу тахана Нохчийчохь. Цаьрга хоттуш, царах дагабовлуш хила беза вайн кегийрхой, – бохура Хийтанаев Мохьмада.
Цуьнан къамел тIедузуш Дадаев Ризвана дийцира и зуламхой баржаран бахьанех а, уьш вовшахтухучарах а, царна герзаца, кхечуьнца кхачоеш болчарах а лаьцна. «Шемахь а, Иракехь а вовшахтоьхначу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша кхочушдеш дерш Малхбузенан хьашташ ду. Царна хийра ю адамийн мехаллаш. Ислам динца дозуш цхьа а хIума дац церан. Шаьш Iеламнах ду бохуш, интернетехула хьехамаш беш, кегийрхошка (джихаде) гIазотан тIаме хIитта, террористийн ИГИЛ гIеранех дIакхета бохуш кхайкхамаш беш берш малхбузерчу пачхьалкхийн лерринчу службийн белхахой бу. Цара кечйина кегийрхой оцу зуламийн гIеранашна юккъеозоран дийнна программа ю», – чIагIдира Р.Дадаевс.
Бусалбанашна Iаламат кхераме ю Делан мостагIаша кечйина и программа. ХIунда аьлча бусалба пачхьалкхаш, шахьарш, ярташ ю йохош, хIаллакбеш бу бусалба кегийрхой. Къаьсттина лазаме дерг иза ду. Дерриге а дуьненара бусалбанаш бу «Иблисан пачхьалкхан» куьйгалхой бу бохучара Iеха а беш Шемахь а, Иракехь а гIазот даккха дIакхойкхуш. Жимма а коьртехь хьекъал, кхетам болчо ойла ян еза цара бечу кхайкхамийн. ТIаккха уьш кхетар бу бусалба нах а бойъуш гIазот доккхуш цахиларх.
Цундела, Дадаев Ризвана аьлла а ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вайн кегийрхой кхето гIерта Шемахь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша дIахьош берг гIазотан тIом цахиларх а, хила йиш цахиларх а. Цунна тешшош делилаш а даладо цо шен къамелашкахь. Р.Кадыровн берриге а ницкъаш тIехьовсийна бу шен халкъ маьрша, зовкхе, ирсе дахийтарна.
Шен ден, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIера дIаса ца хьаьвзаш, Нохчийчоь кхиорехь бIаьрла кхиамаш бохуш волчу Кадыров Рамзанан коьрта Iалашо ю тIекхуьучу тIаьхьенан дахар маьрша, синтеме, токхе хилийтар. Иза ган деза кегийрхошна. И ду доккха гIазот. Шен дена-нанна уллехь а волуш, церан лаам тIехь а волуш, шен мохк нана-Нохчийчоь кхиор, хазъяр, йоьIбIаьрг санна ларъяр. Шема Iад а йитина!
Цхьаьнакхетар дерзош, Дадаев Ризвана кегийрхошка дийхира террористийн могIарш тIедузаре кхойкхучарах ца тешар, цаьрга ла ца догIар. Цул а шайн ойланаш Нохчийчохь денна бохучу бIаьрлачу кхиамашна тIеяхийтар, оцу кхиамех даккхийдер, дика дешар, говзаллаш караерзор, вайн сийлахьчу эвлаяаша, шайхаша хьехна бусалба цIена дин лелор, тIарикъатан некъа тIера дIаса цахьийзар.
Студенташа леррина ладуьйгIира шаьш долчу баьхкинчу кхечу хьешашка а: Ш.Жамалдаевс, Жамалайлин Сайд-Хьамзата, кхечара дог лазарца динчу къамелашка а, хьехамашка а. Цара къоначеран кхетамна дикачу агIор тIеIаткъам бина хиларан тешам кхоллабелира церан хаттаршка ладоьгIча.
С.ХАМЗАТОВ
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо