Пайхамар (I.с.в.с.) хестош мовлад дийшира

P1000711

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтохарца Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина мовлад дийшира Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь. Цигахь дакъалоцуш бара лакхахь билгалйинчу ведомствон белхахой, Кунта-Хьаьжин ц1арах йолчу Россин исламан университетан студенташ, кхиберш.

– Тахана дуьххьара дац кхузахь вайн Элча Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина цхьаьнакхетар, – бохура лакхахь хьахийначу министерствон къоман политикин а, гражданийн юкъараллашца цхьаьна гIуллакхаш даран а департаментан директора Вахидов Iилмана. – Дела а, Пайхамар а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, мовлад дешар ламаст хилла схьадогIуш ду хIокху министерствехь. Ишттачу гIуллакхаша бусалба нахана юкъахь барт чIагIбийриг хиларан шеко яц.

Мовлад дешначул тIаьхьа, сагIех а кхетта, дIасабахара хьеший.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: