Лулахой болчуьра керланаш

Дахаран хьелаш толуш ду

    ЭЛИСТА. ГIалмакхойн Республикехь тIеэцначу тишъеллачу хIусамашкарчу бахархошна керла хIусамаш яларан программица нийса а догIуш, регионан коьртачу шахьаран уьтталгIачу микрорайнехь деш долчу шена чохь 144 хIусам йолчу цIенош чу кхелхор бу ширачу 14 цIенна  чуьра доьзалш. ХIара шо чекхдалале шайн дахаран хьелаш тодийр ду 450 вахархочо.

Дийнахь а, буса а сацош бац оцу цIенойн еа секцехь беш болу белхаш. Хьлхарчу шинна чохь чуьра белхаш дIа а болийна. И ши объект хIара бутт чекхбалале гIуллакхана юкъаяло дош делла гIишлошъярхоша. Церан хьесапашца важа ши объект хIара шо чекхдалале кийча хир ю. Регионан гIишлошъяран министра Ткачева Неллис чIагIдарехь, керлачу шеран хьалхарчу деношкахь дIалур ду хIусамийн догIанаш  шайн дайшка. Цуьнца цхьаьна ведомствехь  тидам тIебохуьйту тIедогIучу шина шарахь пачхьенехь шайна чохь 118 а, 124 а хIусам йолу  кхин а ши цIа кийча хирг хиларна. Уьш а ду лакхахь билгалъяьккхинчу программина юкъадогIуш.

 

Мехала форум

ВЛАДИКАВКАЗ. Дукха хан йоццуш кхузахь цхьаьнакхийтира муництипалитетийн куьйгалхой, финансисташ, жимачу а, юккъерчу а бизнесан векалш. Цара дакъалецира дуккха а барамехь хиллачу мастер-классийн балхахь. 2011-чу шарахь кхоьллина йолчу «Бизнес-Кхиам» къоман  форумехь  дакъалоцуш хиллачу регионех Къилбаседа ХIирийчоь 43-гIаниг хилла дIахIоьтти. Ставропольски крайн экономика кхиоран министрана Долин Александарана хетарехь, иза чIогIа пайдехь меттиг ю бизнесан а, Iедалан а хьашташ вовшашна довзийта, дуккха а гIуллакхаш къастийна цхьалхадаха. Ткъа «Ставропольски край кхиоран корпорацин» генеральни директора Абдурахманов Заура тидам тIебохуьйту предпринимательшна цо луш болчу пайданна: тоьлашха йолу бизнес-проекташ йовза, шен бизнес кхиорна пайдехь хиндерг схьаэца, пачхьалкхо предпринимателийн гIолацаран кепаш Iамо.

«Бизнес-Кхиам» форум вовшахтоьхначарна юкъахь ю «ОПОРА РОССИИ», керла проекташ хьалхататтарехула долчу стратегически дIадолорийн Агентство, ткъа иштта Россин Юкъараллин Палата а.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: