Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Бисултанов Яхья коьртехь волуш, йоккха кхеташо дIаяьхьира.
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенина урхалла деш волу Ахмадов Мохьмад-Эми, Суьдан пурстоьпийн урхаллин куьйгалла а, районийн администрацийн куьйгалхой а, налогийн ведомствийн векалш а, Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин районашкахула йолчу урхаллийн хьаькамаш а бара кхеташонехь дакъалоцуш.
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин районашкахь йолчу органаша, суьдан пурстоьпашца районийн администрацийн а, налогийн органийн а хьаькамашца цхьаьна дIахьо пенсионни страхованина луш долчу ахчанан декхарш дIатакхар цхьана хорша дерзорехь беш болу болх.
Страховщикашца бечу балхана кхин а боккха тидам т1ебахийта безаш хилар билгалдаьккхира Ахмадов Мохьмад-Эмис.
– Предприятеша, организацеша, шаьш болчу предпринимательша шайн декхарш кхочушдарца доьзна долу гIуллакхаш буьззинчу барамехь къастийна цхьалхадаха деза герггарчу хенахь, – элира цо.
Кхеташо ерзош, кхин цкъа а билгалдехира коьрта г1уллакхаш а, уьш герггарчу хенахь кхочушдаран некъаш а.
Хь.АВХАДОВА
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо