Шо-шаре даларца кхуьуш бу республикин юьртан бахам. Алсамйовлуш ю аренашлелорхоша ялташ кхиош йолу майданаш, толуш ду бахамашна техникица кхачояр. ТIеттIа алсам бахамаш ондда когахIуьттуш, ялташ кхиор алсамдоккхуш бу.
Ишттачу бахамех цхьаъ ю Шелан районера Чамаев Турко директор волу «Сержень-Юртовский» госхоз. Бахамехь дика вовшахтоьхна ялташ кхиор. Белхаш шен-шен хенахь, хьалххе билгалйинчу графикца кхочушбо. Кхузахь хIинцале чекхдаьккхина 200 сов гектара тIехь латта шардар а, гуьйренан кIа дIадер а. Иштта бIе гектар майданахь дIабийна гуьйренан мукх. Билгалдаккха деза кхузахь берриге а белхаш лаккхара дикалла йолуш кхочушбина хилар. БIаьстенан культурашна къастийна 220 гектар, дуккха а шерийн бецашна – 50 гектар.
Карарниг гуьйренан ялташ дIадеран жоьпаллин мур хиларх а кхеташ, хан-зама ца лоьруш, шаьш-шайн ца кхоош, къахьоьгуш бу госхозан механизаторш. Латта шардеш а, гуьйренан ялташ дIадуьйш а, хьанал болх беш бу механизаторш Данабаев Iийса, Чамаев Ислам, Эскирханов Ваха, Таусов ИбрахIим. Церан балхахь кхиамаш хиларан бахьана ду и нах шайн болх безаш а, цуьнан сий деш а, уьш белхан доккха зеделларг долуш а хилар.
Шех лаьцна иштта дика дош ала хьакъ ву тракторист Саидов Бислан а. БIаьстенан культурашна къастийна долу 220 гектар латта шен К-701 трактор тIехь аьхна, чекхволуш воллу иза карарчу хенахь.
Шен хеннахь а, токхе а кхача бууш ца хилча, механизаторшка шайн декхарш дуьззина кхочушдалург цахиларх дика кхеташ бу госхозехь. Ялташ дIадуьйчу а, чудерзочу а жоьпаллин муьрашкахь техникина тIехь болх беш болчарна мерза кхача латтош ю повар Мадаева Зулай. Механизаторш чIогIа реза бу цо кечбечу кхачина.
Ала лаьа госхозехь беш болчу берриге а белхашна тIехь коьртачу агронома Арсамиков Руслана боккха тидам латтош хилар.
С.ЛАЛАЕВ
Суьрта тIехь: «Сержень-Юьртовский»
госхозехь механизаторш гуьйренан ялташ дIадуьйш бу
I.Саламовн сурт
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо