Нохчийн Республикехь хIусамийн хьокъехь долу бахархойн хаарш т1едузаран а, юкъараллин терго яран (общественный контроль) система кхиоран а декъехь пачхьалкхан политика кхочушъяран а, Россин Федерацин Президентан май баттахьлера № 600 йолчу Указаца тIечIагIдина тIедахкарш кхочушдаран а Iалашонца республикехь тIеэцна хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь бахархошна шайн бакъонаш а, декхарш а довзийтарна лерина болу барамийн-бакъонийн бух (нормативно-правовая база).
ХIусамийн-коммунальни бахам кхиорна накъосталла даран коммерчески йоцучу «Развитие» цхьаьнатохараллин а, Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон а хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхаран Iалашонца хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь юкъараллин терго латторехь цхьаьнакъахьега барт хилла.
Хууш ма-хиллара, 2013-чу шеран май баттахь дуьйна вайн республикехь болх беш ю Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь юкъараллин терго латторан регионан туш. Карарчу хенахь туьшан белхахоша дIахьош бу бахархой тIеэцаран болх. Боккха тидам тIебохуьйту тишачу, ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу кхалхоран регионан программин декъехь динчу цIеношка хьовсучу хенахь юкъараллин терго латторна. Цундела, тишачу хIусамашкара д1акхалхочу бахархошна динчу цIеношка хьожуш йолчу комиссина юкъабалийна пачхьалкхан хIусамийн тергояран органан векалш а, лакхахь билгалъяьккхинчу туьшан декъашхой а.
«Говзачу пайдаэцархочун школа» регионан проектан а, Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахам кхиоран гIуллакхаш кхочушдаран а декъехь республикин гIишлошъяран, ЖКХ-н министерствос билгалъяьккхина Нохчийчоьнан гIаланашкахь а, районашкахь а хIусамийн дайшна накъосталла даран туьшаш кхолларан а, церан болх вовшахтохаран а, дIабахьаран а рагI. Нохчийн Республикин Правительствон 2015-чу шеран 8-чу сентябрехьлера (№161 йолчу) сацамца тIечIагIдина ду и гIуллакх (белхан рагI билгалъяккхар). Накъосталла даран туьшаш оцу сацамехь билгалъяьккхинчу хеннахь кхоллийтаран а, меттигерчу администрацешкахь цу туьшийн болх бовзийтаран а Iалашонца республикин гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министерствехь гIаланийн, районийн куьйгалхошца, векалшца цхьамогIа кхеташонаш дIаяьхьна. И болх дIабаьхьначул тIаьхьа, Нохчийн Республикехь хIусамийн фонд мел йолчу гIаланашкахь, ярташкахь накъосталла даран туьшаш кхоьллина. Цу туьшийн векалша ЖКХ-н министерстве шайн белхан рагI йовзуьйтуш кехаташ а дахкийтина.
Нохчийн Республикин Правительствон 2015-чу шеран 30-чу мартехьлера №63-р йолчу сацамца тIечIагIйина «Говзачу пайдаэцархочун школа» регионан проектан план, билгалдаьхна цуьнан коьрта гIуллакхаш а, Iалашонаш а, сатуьйсуш долу жамIаш а, иштта къастийна проект кхочушъян еза хенаш а, цунна жоьпалле болу нах а.
Нохчийн Республикин пачхьалкхан Iедалан органийн а, районийн куьйгаллийн а балхехь коьртачех цхьаъ ду хIусамийн дайн хаарш лакхадахар. Цу балхехь доккха гIо до «Говзачу пайдаэцархочун школо». Проектан декъехь ЖКХ-н министерствос «Единая Россия» партин Нохчийн регионан отделеница а, ЖКХ-н декъехь юкъараллин терго латторан регионан туьшаца а цхьаьна республикин гIаланийн, яртийн бахархошца, церан шайн бакъонаш ларъярехь долу хаарш лакхадохуш, цхьаьнакхетарш дIадаьхьна. Цигахь боккха тидам тIебохуьйту дуккха а х1усамаш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран керлачу системица доьзначу г1уллакхашна. Иштта, коммунальни хьаштех пайдаоьцучара ахча дIадаларан низам чIагIдарна лерина республикин гIаланашкахь а, районашкахь а цхьамоггIа семинараш дIаяьхьна.
«Говзачу пайдаэцархочун школин» социальни реклама ярхьама республикин хаамийн агентствошкахь, шуьйрачу хаамийн гIирсийн зорбанан изданешкахь, телевиденешкахь бовзуьйту проектан болх. Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министерствон говзанчаша сурсаташца кхачояран предприятийн векалшца цхьаьна дакъалоцу вайн телеканалашкахь гойтучу, хIусамийн декъехь бахархойн хаарш а, ахча такхаран низам а лакхадаккхарна леринчу передачашкахь.
Республикин дешаран учрежденешкахь доьшуш болчарна хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь йолу бакъонаш йовзийтаран а, энерги кхооран гIуллакхаш даржоран а Iалашонца ЖКХ-н министерствос республикин дешаран, Iилманан министерствоца цхьаьна вовшахтуху «Жэка» цIе йолу онлайн-ловзар довзийтарна лерина цхьаьнакхетарш. «Жэка» ловзар Россин Федерацин 44 регионехь дIадолийна ду. Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашна юкъахь Нохчийн Республика хьалхарниг ю. Оцу ловзаро берашна, церан дай-наношна хIусамийн-коммунальни бахамах мел оьшург хаа а, тоькан, газан кхоам муха бан беза а, иштта дуккха а кхидерг а довзарехь гIо до. Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон официальни сайта тIехь «Жэка» онлайн-ловзар каро а, цунах ловза а таро ю хьашт долчеран.
Вай лакхахь билгал ма-даккхара, ЖКХ-н декъехь долу бахархойн хаарш лакхадахаран Iалашонца дуккха белхаш бина республикехь. Иштта цу юкъахь ду: кху шеран сентябрь баттахь Соьлжа-ГIаларчу Къоман библиотекехь «ЖКХ-н хьаштех пайдаоьцучарна лерина маьIиг» схьаеллар (бахархошна хаа мел дезарг довзуьйтуш хаамаш бу цу тIехь; Iалашонехь ду цу тайпа «маьIигаш» республикин районийн библиотекашкахь а схьаеллар), ЖКХ-н декъехь йолчу технологех пайдаэцаран керла проекташ юкъаяхарна лерина кегийрхойн юкъараллин организацеш, боламаш кхоллар, «Говзачу пайдаэцархочун школин» хаамаш тIехь болу буклеташ а, «ЖКХ-н азбука» а арахецар уьш электронни а, зорбанан а кепашкахь яржор, иштта дуккха а кхидерг а.
ХIусамийн законодательствос а, энерги кхоорах а, пачхьалкхан Iедалан органаша, шаьш болчу предпринимательша, бахархоша энергетикин дикалла лакхаяккхарх а лаьцна долчу законодательствос а тIедехкина декхарш кхочушцадар къасторна а, иза ца хилийтарна а лерина тайп-тайпана белхаш дIабаьхьна республикин ЖКХ-н министерствон пачхьалкхан хIусамийн терго яран департаменто. Юкъараллин терго яран регионан туьшо лакхахь хьахийначу департаментаца цхьаьна (шайн юкъарчу белхан планаца догIуш) нах чохь Iаш болчу 158 цIенна таллам бина 2015-г1а шо доладелчахьана. Иштта, оццу департаменто а, туьшо а Нохчийн Республикехь дуккха а петарш йолчу цIеношна урхалла дечу организацешна тIехь терго латторан комисси а кхоьллина. Дуккха петарш йолчу цIеношна урхалла дечу организацийн куьйгалхошца цхьамогIа семинараш-кхеташонаш дIаяьхьна ЖКХ-н министерствехь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Правительствос а боккха тидам тIебохуьйту хIусамийн-коммунальни комплексана реформировани яран а, цунна т1ехь юкъараллин терго латторан а декъехь долу Россин Федерацин Президентан тIедахкарш а, федеральни законаш а кхочушдарна. Цундела, Нохчийн Республикин гIишлошъяран, ЖКХ-н министерствон куьйгалло а, говзанчаша а шайн ницкъ ма-кхоччу къахьоьгу лакхахь билгалдаьккхинчу декъехь долу г1уллакхаш кхочушдарехь, уьш бахархошна довзийтарехь.
А.ВАХАЕВА
Хьалхарчу суьрта тIехь: ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь терго еш йолчу «ЖКХ Контроль» къоман туьшан а, ХIусамийн-коммунальни бахамна реформировани ярна накъосталла даран фондан а векалш – Нохчийчохь;
ШолгIачу суьрта тIехь: Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ а, «Единая Россия» партин Нохчийн регионан отделенин векалш а – «ЖКХ-н декъехь керла гIуллакхаш: партин проекташ кхочушъяр» темина леринчу кхеташонехь.