«Lada Granta» ян йолийна

Кхиаран новкъахь керл-керла гIулчаш йохуш ю Нохчийчоь промышленностехь а, юьртан бахамехь а, экономикин кхечу дакъошкахь а. Цунна бIаьрла масалш а, тоьшаллаш а го вайна. Аьлларг тIечIагIдо хIокху бакъдолчо а. Аргун гIалахь йолчу «Чеченавто» заводехь дукха хан йоццуш дIадолийна «Lada Granta» машенаш вовшахтасар. Иза боккха кхаъ бу вайн махках дог лозучарна, цуьнан кхиамех баккхийбечарна. ХIара шо чекхдалале оцу моделах йолу бархI бIе машен арахеца дагахь бу заводан куьйгалхой а, говзанчаш а. Цу хьокъехь хаам бира «Чеченавто» заводан директоран заместитела Товсултанов Казбека.avtovaz_101

    Цо дийцарехь хIокху заводехь 2012-чу шарахь дуьйна арахоьцуш яра «Lada Priora» машенаш. Делахь а, республикин промышленностан а, энергетикин а министерствон куьйгаллех дага а бевлла, заводан куьйгалхоша сацам бина хIинца дуьйна «Granta» машенаш вовшахтаса а, арахеца а.

«Уьш арахеца йолаярца доьзна оха сацош ду Нохчийчохь шуьйрра евзаш йолу «Lada Priora» арахецар. 2012-чу шарахь дуьйна хIокху заводехь оцу моделах йолу кхо эзар гергга машен вовшахтесна. Тхо тешна ду Гранта арахецар дикачу вовшахтохараллица дIагIуриг хиларх а, уьш вайн республикерчу бахархошна езалург хиларх а, цара уьш дIаоьцург хиларх а. ТIедогIучу шеран март бутт чекхболуш керлачу моделах йолу кхин а цхьа  машенаш арахеца лерина ду тхо. ХIетале оха дIахIиттор бу «Автовазан» керла модель «Lada Vesta» машен вовшахтасарна оьшу гIирсаш, ц1ох1арш  (станокаш), кечбийр бу говзанчаш а», – бохура К.Товсултановс.

Цо чIагIдарехь, заводана шен-шен хенахь кхачойийр йолуш ю машенаш вовшахтасарна оьшучу коьчалшца а, гIирсашца а. Меттигерчу говзанчех дукхах болчара шайн говзалла лакхаяьккхина «Автоваз» цхьаьнакхетараллехь. Заводан куьйгалло шен ницкъ кхочург до производство шоръярехьа, белхахойн говзалла лакхаяккхарехьа. Шен дика тIаьхьенаш йоцуш дуьсур дац иза а.

Дукха хан ялале вайн урамашкахула хоьхкур ю Аргунерчу «Чеченавто» заводехь арахецна йолу «Lada Granta» машенаш. Дала мукъ лахь. Вай тешна ду цунах.

Д.ПАШАЕВ

 

№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: