Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина Ерригроссин пхоьалгIа юбилейни берийн-кхиазхойн (2002–2009-г1ий шераш долчу) шахматийн турнир.
Турнир схьайоьллуче баьхкинера: Ростовски областан губернатор Гуськов Игорь Александрович, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Парламентан председателан хьалхара заместитель Жамалдаев Шаид, иштта кхиберш.
Турнирехь дакъалоцуш бара Россин Федерацин ворхI субъектера, иштта Къилба ХIирийн Республикера, Абхазера, Лугански областера (Украина) шахматисташ.
Хьешаша турниран дакъалацархошка маршалла хаттарца дIайолийра турнир. И.Гуськовс элира: «Уггаре а ницкъ болу хIума ламасте дирзина гIуллакх ду. Уьш лардарехь оха къахьоьгур ду. Хьешадена комаьршачу донан лаьтта тIехь пхоьалгIа дIахьош ю хIара турнир».
Дж.Умаровс дийцарехь, 4-гIа ноябрь даздинчул тIаьхьа къаьсттина маьIне а, оьшуш а, дуьненахь хIоьттинчу хьолехь хIара санна йолу турнираш маьлхан зIаьнарш, хIаваъ санна ю.
Турнир дIахьош хиллачу Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Ходжаев Алишера дийцира турнир дIаяхьаран идейх а, А-Хь.Кадыровх а лаьцна. Цо шен дахар д1аделира т1ом сацорхьама. Нохчийчоь кхиорна некъ билгал а баьккхира Ахьмад-Хьаьжас. Цуьнан весеташ кхочушдеш ву цуьнан кIант Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Ламаст хилла дIахIоьттина шахматийн турнир йололе суьртийн гайтам дIабахьар. Гайтаме даьхначу суьрташа дуьйцура таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин экономикин, культурин дахарехь хуьлуш болчу хийцамех. Кхул хьалхарчу турнирашкахь хилларг довзуьйтуш «Турниран истори» цIе йолу суьртийн стенд а яра дIахIоттийна.
2014-чу шарахь хиллачу турнирах лаьцна телеочерк гайтира дакъалацархошна, юха, шайн хьуьнарш гайтира Соьлжа-ГIаларчу а, Дона-тIера-Ростоверчу а къоначу артисташа.
Цул тIаьхьа дIабаьхьира шахматистийн къовсам.
Хенашка хьаьжжина кIенташна юкъахь хьалхара меттигаш ехира,: Саидов Балавдис (Соьлжа-ГIала), Ивченко Александра (Дона-тIера-Ростов); шолг1а меттигаш – Чижко Александра (Волгоград), Симонян Григорийс (Дона-тIера-Ростов); кхоалг1а меттигаш – Васильев Георгийс (Анапа), Корчаловский Матвейс (Дона-тIера-Ростов).
ЙоIаршна юкъахь:
Хьалхара меттигаш ехира: Черепанова Эвитас (Таганрог), Пяпиева Аиланас (Элиста); шолг1а меттигаш – Емельяненко Маринас (Элиста), Оболенская Ангелинас (п.Зимовники, Ростовски область); кхоалг1а меттигаш – Гунько Валерияс (п.Зимовники, Ростовски область), Савченко Анастасияс (Дона-тIера-Ростов).
Хьалхара меттигаш яьхначарна ноутбукаш елира, шолг1а меттигаш яьхначарна планшетни компьютерш, шайца 3G йолуш, кхоалг1а меттигаш яьхначарна смартфонаш.
Л.ДАУТОВА
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо