«Россин агIонаш»

Халкъийн цхьааллин денна

Халкъийн цхьааллин де даздаран гурашкахь къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствос а, «My Book» электронни библиотеко а «Эсмо» издательствос а, А.П.Гайдаран цIарах йолчу гIалин берийн Коьртачу библиотеко а гIолацарца дIайолош ю «Россин агIонаш» проект.

Россин Федерацин къаьмнийн культурийн башхаллаш гойтуш йолу тоьлла 100 книга яхана цу юккъе. Россин халкъийн географин, этнографин, историн очеркаш, туьйранаш, сийлахь-баккхийчу Iилманчийн, кхоллараллин белхахойн биографеш, доттагIаллин а, вовшашна гIо-накъосталла даран а хьокъехь йолу исбаьхьаллин литература маьхза еша аьтто хир бу ешархойн 30-чу октябрера 30-чу декабре кхаччалц «My Book» сайта тIехь russia.mybook.ru тIе а тийжаш.

Росси дуьненахь уггаре а боккха мохк бу, дуккха а къаьмнаш дехаш пачхьалкх а ю. Цигахь дехаш ду 193 халкъ, шен-шен башха истори, культура, ламасташ, гIиллакхаш долуш. ХIора а халкъ мехкан хазна ю. Ткъа халкъийн цхьааллин де башха таро ю халкъийн тайп-тайпаналлица болчу сийлахь-боккхачу мехкан халкъийн цхьааллин берриге а ницкъ ган.

«Россин агIонаш» иза вайн мехкан халкъийн а, адамийн а кхолламех дIаийна йолчу дуккха а агIонийн, ша саннарг кхин йоцчу культурин бIаьрла басарш гайтаран агIонаш ю.

Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон арахьарчу коммуникацийн отдел.

 

№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: