Шемахь Б.Ассадан Iедалан эскаро хIаллаквина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн коьртачех волу цхьа чалтач (палач). Шен къизаллица, маьрша нах байъарца гIараваьлла вара иза.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша даккхий герзаш диттина Алеппо шахьарарчу маьршачу нехан цIеношна. Цигахь лаххара а пхи стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а дукха бу.
***
Хонкарарчу Истамбул гIалин бакъонаш ларъяран органийн белхахоша цхьайтта стаг схьалаьцна «Иблисан пачхьалкхаца» зIенаш хиларна бехке а лерина.
***
ТIекIал шозза теракт йина Иракехь. Оцу бохамехь 20 сов стаг велла, 40 гергга стагана чевнаш хилла.
***
Муьлаш бу ца хуучу зуламхоша ОвгIанехь 12 стаг лачкъийна. Полицин белхахоша дIахьош йолчу операцеша а таро ца елла зуламхой гучубаха а, лачкъийнарш мичахь бу хаа а.
***
Великобританин а, Индин а куьйгалхоша куьйгаш яздина маьрша атом кхиоран декъехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана.
***
Желтойчохь дIаяьхьира дерриг халкъан забастовка. Урамашка арабевлира лоьраш, хьехархой, Iилманчаш, промышленни предприятийн белхахой, и дI.кх. Уьш бIаьрг белхочу газаца а, хи деттарца а дIасалаьхкира полицис.
***
Чинин а, Туркменистанан а куьйгалхоша дийцаре дира махлелоран-экономикин декъехь цхьаьна болх бар вовшахтохаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Молдавин пачхьенехь дIаяьхьначу митинге арабевллачу Iедална оппозицехь болчу ницкъаша лоьхура мехкан президент отставке вахийтар.
***
Россин а, Филиппинийн а президентийн телефонехула къамел хилира. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан зIенаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан делегаци официальни визитца Аргентине яхана. Цуьнан цхьаьнакхетарш хир ду оцу мехкан парламентарешца а, Iедалан кхечу векалшца а.
***
Россин МВД-н белхахо хилла волчу Чистовна набахтехь яккха 13 шо хан тоьхна шпионалла лелорна. МВД-н белхан хьокъехь США-н лерринчу службашка хаамаш беш хилла цо.
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо