Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалдира Къуръанан, Инжилан, Танаханан, Ганджуран тексташ экстремистски материал ларар ца магош, дехкаран хьокъехь долу закон Россин Пачхьалкхан Думо тIаьххьара дешна тIеэцар.
Цо билгалдаьккхира: «Керлачу законо юкъараллехь долу хьал тодарна а, динашна юккъехь вовшех кхетар чIагIдарна а гIо дийр ду. Закон тIеэцаран бахьана хилира «Аль-Фатихьа» аят экстремистски лоруш Къилба Сахалинан суьдо сацам тIеэцар. И сацам чIогIа бехкебеш тIеийцира вай а, ткъа иштта политикин, юкъараллин, динан гIуллакххоша а», – элира Кадыров Рамзана.
И закон тIеэцарна Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Россин Президентана Путин Владимирна.
«ХIинца закон Россин Федерацин Совете дохьуьйтур ду, ткъа цигара тIе куьг яздайта Россин Президенте Путин Владимире кхочур ду. Законан проект Россин Федерацин Президента юкъаялийна хилар хьесапе эцча, дерриге а бахьанаш ду и закон хIокху герггарчу хенахь гIуллакх дан долалург хиларх тешна хила. Цу тайппана, сацош ду Сийлахьчу Къуръанан аяташ а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш а ца магош дехкар. Оцу гIуллакхехь нийсо гайтарна вай даггара баркалла боху Россин Президентана Путин Владимирна!», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
С.МАЛАЕВ
№128, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2015 шо