БIаьрзечеран турнир

ХIокху деношкахь «БIаьрзечеран Ерригроссин юкъараллин» Нохчийн регионан цхьаьнакхетараллехь бIаьрзечарна юкъахь стоьлан теннисехула турнир хилира.

   Иза вовшахтоьхнера Спорт марзъяран «Ламан аз» школо. Нохчийн Республикера а, ГIалгIайн махкара а турнирехь дакъалоцуш йоIарийн ши тоба яра. ХIора тобанехь пхиппа дакъалацархо яра. «Ламан аз» школин директора хаийтира зудаберашна юкъахь и тайпа турнир дуьххьара дIахьош хилар.

БIаьрзечу нехан Дуьненаюкъарчу денна лерина яра  турнир. Адамашна могаш Iер-дахар марздар яра оцу турниран коьрта Iалашо.

Регионан юкъараллин «Боданаш иэшор» («Победившие тьму») цхьаьнакхетараллин куьйгалхо волу Мустаев Рамзан ву йоIарийн нохчийн тобанан тренер.

ЖамIаш динчул тIаьхьа, билгалбевлира турниран толамхой. Хьалхара меттиг нохчийн тобанан дакъалацархочо Идрисова Миланас яьккхира, шолгIа меттиг – Дикаева Мархас, кхоалгIа меттиг – ГIалгIайн махкарчу тобанан дакъалацархочо Мержоева Анжелас.

Турниран толамхошна совгIатна кубкаш а, мидалш а, дипломаш а делира. Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, цхьаьна чай молуш, марзо оьцуш хан яьккхира цара. Турниран дакъалацархоша хаийтира, цигахь дакъалацарх шайна хазахетар хилла хилар а, юха а и санна йолчу турнирехь дакъалаца шайн лаам хилар а.

З.ХАСИЕВА

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: