Халахеташ делахь а, тIаьхьарчу хенахь вайн республикехь дукха баьржина некъан бохамаш. Денна а кхочу гIаланийн, яртийн больницашка ишттачу бохамашкахь лазийнарш. КIезиг ца хIуьтту нехан хIусамашкахь, машенех бахьана а даьлла, тезеташ а. «ТIамо динчул дукха адамаш хIаллакдо тахана машенаша» олуш хеза халкъалахь. Иза харц а дац…
Некъан бохамийн белхаме терахьаш тидаме а эцна, республикин куьйгалло чIагIбина некъан бакъенаш талха ца яйтарна тIехь терго латторан болх. Цуьнца доьзна мелла а тоделла вайн некъашкахь долу хьал. Хила доьгIнарг ца хуьлуш ца дуьсу, делахь а хIоранна тIехь ду шен могашалла, дахар лардар. Амма бохам кхочу олий ца кхочу… Дагахь а доцуш кхечира иза Грозненски районан Чурт-ТогIерчу ХамурадовгIеран доьзале. Ирча кхаъ беара цаьрга, кху шеран сентябрь беттан юккъехь, кIант Iумар некъан бохамехь лазийна, аьлла. Аьтту ког кагбинера Хамурадов Iумаран. ХIинца а больницехь ву кIант. Реанимацехь Iилла дийзира цуьнан дуккха а. Ког боцуш висарна кхерам а бара (иза дIабаккха безий-те аьлла, хьал хIоьттинера). Делахь а, Делан къинхетамца а, дарба деш волу лор дика хьажарна а, гIеххьа гIоли яьлла Iумарна. Карарчу хенахь палати чохь ву иза. Лоьраша дийцарехь, кеста кхоччуш гIоле хир ю цунна.
Соьлжа-ГIалин № 9 йолчу больницехь цунна дарба деш волу травматологин а, ортопедин а отделенин лор-травматолог Черхигов Ахьдан шен болх дика бевзаш говзанча а, къинхетаме, адамалла йолуш стаг а ву. Ишттачу лоьрана «каракхача» ирс хилла Iумаран. Чов чIогIа хиларе хьаьжна доцуш, когана дика гIоле а хилла. Дала мукъ лахь, кестта кхоччуш товелла, больницера цIагIур а ву иза.
Хамурадов Iумаран гергарчу наха а, иза вевза-везачара а даггара баркалла боху цунна дарба деш волчу Черхигов Ахьданна, дархочунга къинхетамца хьажарна а, дика терго ярна а.
А.СУЛИМАНОВА
Суьрта т1ехь: Соьлжа-Г1алин №9 йолчу больницин травматологин а,
ортопедин а отделенин лор-травмотолог Черхигов Ахьмад
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо