ХIокху деношкахь «Грозный-информ» хаамийн агентствос вовшахтохарца дIаяьхьначу пресс-конференцехь журналистийн хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин Iаламан таронийн а, гуонахара Iалам лардаран а министра Магомадов Лоьмас.
Билгалдаккха догIу, Россин Федерацин Президентан В.Путинан указца, 2013-гIа шо, Россехь гуонахара Iалам лардаран шо аьлла, дIакхайкхийна хилар. 2013-чу шарахь кхоьллина яра вайн республикехь лакхахь билгалйина министерство. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указца оцу ведомствон куьйгалле хIоттийра Магомадов Лоьма.
Л.Магомадовс дийцира дIадаханчу 2013-чу шарахь вайн республикехь Iалам цIандарехь алссам къахьегна хиларх лаьцна.
– Вайна массарна а гуш дара некъийн а, хина йистошка, иштта хьаннаш юккъе дIакхийсина нехаш хилар. Алссам адам ара а даьлла, къахьийгира и нехаш дIайохуш. ХIетте а вайна юкъахь бовлура юха а нехаш мич-миччанхьа а дIакхуьйсуш берш. Ишттачарна дIадаханчу шарахь 800 эзар соьмана гIуданаш тоьхна, 381 стаган а 178 административни материал а хIоттийна, – бохура цо. Министра дийцарехь, дIадаханчу шарахь вайн республикехь дIаяьхьначу «Хьайн дитт догIа» аьлла йолчу акцехь дакъалецира ерриге а районаша, алссамчу барамехь тайп-тайпанчу диттийн синтарш дуьйгIира школийн а, администрацийн а майданашка, некъийн йистошка. И акци карарчу шарахь, бIаьстенан юьххьехь, юха а дIайолор ю. Бакъду хьуьнан бахамашкара нехаш массанхьара дIаяха аьтто хилла бац, хIунда аьлча минийн кхерам хIинца а дIабалаза бу. Карарчу шарахь и кхерам цахилийта хьакъ йоллучу ведомствоша шайн болх кхидIа а хьур бу.
Дуккха а ю вайн республикехь садаIа къаьсттина хаза Iалам долу меттигаш. Царах цхьаъ бу Къоьзан Iам. ДIадаханчу шарахь цигахь а белхеш бира, нехаш дIайохуш, нехаш чукхийса яьшканаш а ехкира. Къоьзан Iам вайн республикин а, Дагестанан а дозанца хиларна дехьарчу бердан йистош цIанъяза йисина ю. Дагестанехь Iалам лардарна жоьпалле йолчу ведомствошка дехар дина цу агIорхьара бердан йистош дIацIанъярхьара аьлла. Карарчу шарахь и г1уллакх кхочушдан тIе а лаьцна цара. Олуш ма-хиллара, яьссачу х1усамах тера ю акхарой йоцу хьун. Церан Iуналла дан хIиттийна белхахой белахь а, вайн массеран декхар ду акхарой ларъяр.
Вайн республикехь ю ЦIечу книги тIе яьхна акхарой: лайн цIокъберг, акха гезарий, дашо акха котам, иштта кхин тайпа дийнаташ.
Республикин куьйгаллин тергонехь ду Iалам лардарехь деш долу гIуллакхаш. Iалам вайна Дала дина совгIат ду, вай массара а цхьаьна лардийр иза.
Р.МУСИПОВ