Ингалсан мотт хьоьху

   Соьлжа-ГIаларчу №42 йолчу школехь ингалсан мотт хьоьхуш ю Халидова Асет. БегIийла кеп карийна цунна берашна и мотт безабалийта, цунах кхета дешархошна атта хилийта. ХIора дарс ловзаран кепехь дIахьо цо. Бераша хазахетарца дакъалоцу цу ловзаршкахь. Вовшашца йохье дуьйлуш ловзаршкахь жигара дакъалацархьама  Iамабо ингалсан мотт.IMG-20151102-WA0009

    №42 юккъерчу школе балха яле Асета масех белхан меттиг хийцина. Цо ЧИПКРО-хь, къоман музейхь, гочдархо болх бина. Амма, муьлххачу балхахь  хилча цуьнан сагатлора берашна. Школе балха кхаччалц шеконаша садуура, сайн доцу гIуллакх дуй-те ас лелош дерг, бохуш.  Цундела, цхьана белхан меттигах дог ца летира. Ткъа школе балха яро хьехархочун дог-ойла хийцира, дуьне а серладелира, ирсечу кханенах дегайовхо чIагIъелира. Берийн зевнечу аьзнаша самалха доккхура. Юьхьанцарчу классашна ингалсан мотт Iамош ю Асет.  Иза тешна ю хьехар нийса хилча, муьлххачу бере а цхьабосса масех мотт Iамалург хиларх. Ткъа дешархошна дарсехь дийцинарг диц ца далийта иза ловзаран кепехь дIадахьа деза. Бераш сиха   дулу и санна долчу ловзарех.  Церан самукъадолу хьехархочуьнца цхьаьна дIахьош долчу ловзарех, иза муьлххачу маттахь  дахьош хилча  а. Халидова Асетан дешархой цунна къеггина тоьшалла ду.  Церан дайша, наноша тIечIагIдо и бакъдерг.  ХIинццалц кхечу къаьмнийн  меттан дарсех  бераш къехкаш хиллехь,  Асет №42 йолчу школе балха еачхьана берашна  массарел дукхаеза ингалсан меттан урок, цхьана озехь билгалдоккху  дешархойн дайша, наноша.

Халидова Асетан шен а ду диъ бер.  Берийн беша уьш бахале Iамо  болабо  нанас  царна  ингалсан мотт.  Цхьана а кепара царна хало хуьлуш а ца хета нанна. Аганара бераш гIовттушехь дIадоладо цо шен берашна цхьана метта кхо мотт Iамор; нохчийн, оьрсийн, ингалсан. ТIаккха школе боьлху  хан тIекхачале цуьнан бераш хецна кхо мотт буьйцуш хуьлу. Цундела,  ала йиш  ю шен дахарехь зеделларг ду Асета балха тIехь дешархошка дIакхийдош дерг а. Соьлжа-ГIаларчу дешаран департаментан белхахоша дийцарехь Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь ингалсан меттан хьехархошна юкъахь тоьллачарех цхьаъ ю вайн турпалхо. Стаг шен меттехь хилча нисло и тайпа бIаьрла кхиамаш.

А.ГАЗИЕВА 

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: