Компьютерийн дошам

ДIадаханчу шеран ноябрь баттахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин пайдечу семиотикин отдел компьютерийн ингалсан-оьрсийн-нохчийн дошамна тIехь болх беш ю. Цуьнан хьокъехь  оцу отдело Iилманан семинар а дIаяьхьна. Цигахь дийцаре дина компьютерийн терминийн ингалс-оьрсийн-нохчийн дошам кхолларан юкъара гIуллакхаш. Отделан Iилманан белхахоша С-Хь.Ирезиевс а,А.Астемировс а докладаш йина.

Йийцаре йина дошам 3300 терминех лаьтташ ю, иза уггаре а хьалха отделан белхахошна оьшуш ю PO-файлаш гочъеш бечу балхана. Цул сов, иза оьшуш хила тарло нохчийн матте яьхна йолу компьютерийн программаш лелор болчу пайдаэцархошна. С-Хь.Ирезиевс дийцарехь,дошам кестта кийча хир ю,цу тIехь дан дезачух диснарг – иза цхьайолу шеконе терминаш йийцаре яр ду.

Масала, цу юкъадогIу:дIатаръяларан тIегIа (уровень адаптации); тIетовжар (ссылка); пилгуна маьIна хийцар (раскладка клавиатуры).

Компьютеран маттана юкъаялош керла терминаш а ю, масала: пилгу – клавиатура, иэс-память. халсту-шлюз, иштта дуккха а кхиерш.

«Цкъа хьалха оха хаамийн технологийн 500 коьрта термин билгалъяьккхира. Цул тIаьхьа, коьрта дош юкъахь а долуш PO-файлаш юкъара тайп-тайпана дешнийн цхьаьнакхетаршвовшахтуьйхира. PO-файлаш дукха яккхий ю, царна юкъахь эзарнашкахь хаамаш хуьлу. Цундела, и болх сиха бархьама, программех пайда а оьцуш, дIабаьхьира. Куьйга уьшлехнехь, масех бутт безар бара, ткъа программин гIоьнца ши де тоьира», – элира А.Астемировс.

Дошам цкъачунна шина бIогIамалгех лаьттачу таблицин кепехь ю, шолгIа бIогIамалг юзаза а йолуш. Цу чохь нохчийн матте гочйина терминаш хила езаш ю. Отделан куьйгалхочо С.Умархаджиевс уьш гочъяран декхар Iилманан белхахочунна Вагапов Iаьрбина тIедиллина.

И.ХАСАХАНОВ

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: