«Даймохк» ансамблан репетицехь

    Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон векалш а, кегийрхойн «Ахмат», «Путин» боламийн,  Кегийрхойн парламентан жигархой а берийн «Даймохк» хелхаран ансамблан репетицехь хилира. Культурин министерствон отделан хьаькама  Ташаева Розас элира: «Нохчийн къоман хелхаран мотт а, къайленаш а йовзаран Iалашонца баьхкинера и хьеший «Даймохк» ансамблан кегийрхоша дечу хелхаршка хьовса. Вайн къоман хелхарехь гуш ю къоман культурин хазна а, шатайпаналла а. Ткъа кегийрхошца болх бечу жигархошна муххале а хаа деза хелхаран маьIна».IMG-20151116-WA0005

 Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Гайраханов Мовлас шайна гиначун мах хадош элира: «Шина сохьтехь гергга Iийра тхо вайн бераша говза дечу хелхаршка хьоьжуш. Уьш хаза, товш, тIахъаьлла бу, хелхарехь чолхе нислучу меттигашна тIехь юха-юха а къахьоьгура цара. Хазахета вайн республикин куьйгалло къоман культура, гIиллакхаш кхиорехь, Iалашдарехь иштта йоккха терго еш. Оьздангалла а, хазалла а, къоман Iадаташ а хелхарехула  Iамадо. Кегийчара къоман культурин хазни юкъа дакъа дуьллушгар а хаза ду».

«Ахмат» боламан председатела Байсаров Хаважис билгалдира нохчийн къоман хелхарехь, шайн тобанна дуккха а керланиг карийна хилар.

«Къоман культурин къайленашка кхевдина ца Iаш,  тхуна тхаьшна а Iама лаьа къоман хелхарш дан. Цундела тхан барт хилла кегийрхойн боламийн жигархошна гIоьнна хелхаран мастер-классашка говзанчаш кхойкхуш, царах пайдаэца», – элира цо.

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт 

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: