Айдамиров Абузар дагалецира

Шелковски районерчу Кхара-Кхаьллахь Нохч-ГIалгIайн халкъан яздархочун, прозаикан, поэтан Айдамиров Абузаран кхоллараллина лерина суьйре дIаяьхьира.Каргалинск

    Цигахь дакъалецира Шелковски районан дешаран урхаллин куьйгалхочо Сайханов Юсупа а, Кхара-Кхаьлларчу къаноша а, Шелковски районан администрацин а, Берийн-кхиазхойн туризман, мохкбовзаран туьшан а белхахоша а, иштта, «Литературное краеведение» кружокехь Iемаш долчу бераша а.

Берашкахь патриотически дог-ойла кхиор а, А.Айдамировн кхолларалла царна езаялийтар а яра оцу суьйренан коьрта Iалашо.

«Айдамиров Абузар догкIеда, догцIена адам дара. Цуьнан хIора говзар а шатайпа чулацам болуш ю. Шен романашкахь, дийцаршкахь, байташкахь вайн къомо лайна халонаш а, къизалла а гайта хьожура иза, иштта, вайн къоман культурех а, ламастех а, къоман оьздангаллех а дуьйцура. Нохчийчохь А.Айдамировн цIе тиллина масех урамна, хIунда аьлча, иза вайн къоман дозалла ду. Иштта, яздархочух лаьцна яьккхина документальни фильм а ю, цуьнан дахарх, кхоллараллех дуккха а статьяш зорбане  йийлина», – элира Ю.Сайхановс.

А.Айдамиров дагалацаран суьйренан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, дешархоша яздархочун байташ а, цуьнан говзаршна юкъара цхьацца кийсагаш а йийшира. А.Айдамировн дешнашна т1ехь даьхна долу иллеш а элира. Цу тIехь берзийра оцу цхьаьнакхетаран болх.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: А.Айдамировн байташ йоьшуш болу дешархой   

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: