Яшуев Ислам – Европин шозза чемпион

ХIокху деношкахь Братиславехь чекхъяьлла 23 шаре кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошна юкъахь дзюдохула Европин чемпионат. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь къийсадаларшкахь дакъалецира нохчийн дзюдоиста Яшуев Ислама. Финалехь Азербаджанера спортсмен Маммадов Дауд а эшош, чемпионатан дашо мидал яьккхира Ислама. Иштта, боккхачу кхиаме дуьххьара ца кхаьчна спортсмен. Шен йозаллин категорехь (60 кг.) дIадаханчу шарахь а хилира Исламах Европин чемпион. Цул сов, 2014-чу шарахь Россин чемпионатехь дашо а мидал яьккхира И.Яшуевс.

Хь.АБАЕВ

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: