Литературин рузма

Эдилов Хасмохьмад

   Нохчийн поэт Эдилов Хасмохьмад вина 1922-чу шеран ноябрь беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартан районерчу ВаларгтIехь. Дешна Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь, Ночх-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн АССР-н дешаран министерствехь инспектор, «Ленинан некъ» газетан культурин отделан заведующи волуш, иштта кхечанхьа а.

   Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане йовлу дIадаханчу бIешеран 40-чу шерийн юьххьехь муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а. Йоккхачу жигараллица дIаболабелла кхоллараллин болх юкъахбоккху халкъ махках даккхаро. Стихийн хьалхара гулар арайолу 1958-чу шарахь. Цул тIаьхьа цо арахоьцу поэзин, прозин иттех сов книга («Машаран урам», «Кханенга воьду», «Турпалхо», «Ненан безам», «Акхаройн лорах», «Кхел»…). Лакхарчу классийн дешархоша боккхачу лаамца Iамайо цуьнан «Сийлаха» цIе йолу поэма.

Поэтан кхалхар хилла 1991-чу шарахь.

 

Талхадов Хьамзат

   Талхадов Хьамзат вина 1951-чу шеран ноябрь беттан 27-чу дийнахь ГIиргIизойчоьнан Ошан областан Курбаш юьртахь. 1968-чу шарахь чекхъяьккхина ГIоьрдалара юккъера школа, цул тIаьхьа Эскарехь гIуллакх деш хилла, цигара мукъаваьлча дешна Серноводскерчу юьртабахаман техникумехь. Белхаш бина тайп-тайпанчу гIишлошъяран организацешкахь.

   Стихаш язъян хьалххе волавеллехь а, зорбане валар тIаьхьуо хилира поэтан – 1991-чу шарахь «Орга» журналан агIонаш тIехь дуьххьара зорбане ехира цуьнан говзарш. ХIетахь дуьйна поэтан стихаш сих-сиха зорбане юьйлу «Орга», «Вайнах», «СтелаIад», «Нана» журналашкахь, «Даймохк» газетехь, юкъарчу гуларшкахь, 2003-чу шарахь араяьллачу «Нохчийн поэзин антологина» юкъа а яхара уьш.

2004-чу шарахь дуьйна Россин Яздархойн союзан декъашхо. 2009-чу шарахь кхелхира поэт, цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Яздархойн союзо арахийцира цуьнан хаьржинчу стихийн йоккха гулар.

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: