Ойланаш суьрташка ерзош…

Яздархоша шайн ойланаш байташкахь, дийцаршкахь йовзуьйту, ткъа суьрташдахкархоша – суьрташкахь. ХIора а стаг шена Дала деллачу похIме, хьекъале  хьаьжжина къахьоьгуш хуьлу. Амма  цуьнгахь похIма дацахь, иза кхочур вац шен сатийсамашка.санета 2

     Сийначу басар тIе можаниг тоьхча баьццара бос хуьлу, – бохуш цхьайолу суьрташдахкаран кегий къайленаш йовзуьйтуш дIахьо шен дарс Соьлжа-ГIалин №18 йолчу школин суьрташдахкаран хьехархочо Акбулатова Санетас.

Санета ГIиргIизойн Республикехь йина а, кхиъна а ю. 2000-чу шарахь ГIиргIизойн пачхьалкхан университетехь Архитектуран а дизайнан а отделенехь доьшуш а йолуш, Бишкек гIаларчу №42 йолчу школе суьрташдахкаран а (ИЗО), черченин а дарсаш хьеха балха хIутту иза. Цигахь дIаболало цуьнан хьехархочун некъ. Жимачохь дуьйна а сиха, хьуьнаре, хIуманна духе кхуьуш йолу къона Санета шен декхаршца дика ларош хилар, беш болу болх цIенчу даггара беш хилар тидамза ца дуьсу. 2009-чу шарахь оццу школехь кхетош-кхиоран декъехула директоран заместитель хIоттайо иза. Берийн дахарехь жигара дакъалацарна а, белхан декхарш дика кхочушдарна а Дешаран министерствон а, школин а цIарах  елла Сийлаллин грамоташ а, баркаллин кехаташ а ду цуьнан.

2011-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь Iаш ю Санета. Вай лакхахь хьахийначу №18 йолчу школехь шен болх кхин а жигара а баьккхина къахьоьгуш ю иза. 5,6,7-гIий классашкахь суртдиллар хьоьхуш ю. Шена санна и говзалла берашна  езийта лууш, мало ца еш болх бо хьехархочо. ХIора а дарсехь цхьацца керланиг довзийта хьожу иза шен дешархошна. Берашна хазахета суртдилларан дарс. Санетас сурт дилла Iамийна а ца Iаш, шаьш дуьллучу суьртах лаьцна дуккха а керланиг довзуьйту дешархошна. Масала, духаран сурт делахь, цкъа хьалха, иза муьлхачу къоман духар ду, церан хелхарш муха хуьлу, стенца доьзна ду и духар иштта хилар, кечлуш духуш ду иза, я болх беш, иштта кхин а. Дешархой боккхачу лаамца богIу цуьнан дарсашка. Санетан бераша дозалла до иштта шайх кхеташ, хьуьнаре, шен болх доггаха безаш йолу хьехархо шайн хиларх.

№18 йолчу школехь Санета йолу дукха хан яцахь а, балха тIехь дика кхиамаш бохуш схьайогIуш ю иза. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон цIарах елла Сийлаллин грамоташ ю цуьнан. Санетин дешархоша Россин а, Республикин а тайп-тайпанчу суьрташдахкаран конкурсашкахь дакъалоцу, цигахь даима а аьлча санна совгIатан меттигаш йоху. Хьехархо ша а ца лаьтта ишттачунна юьстаха, 2014-чу шеран гуьйранна Нохчийн Республикин Профсоюзийн организацис дIаяьхьначу республикин «Хьехархойн суртдилларан кхолларалла» цIе йолчу конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхина цо. Оццу шарахь Россин IV-чу дарсашкахула йолчу олимпиадехь толамхой кечбарехь похIмечу кегийрхошна гIодаран туьшо Баркаллин кехатца совгIат а дина цунна.

– Сурт диллар школехь йолуш дуьйна а дукхадезара суна. Иза а ларамаза дацара. Сан деваша а вара дика сурт дуьллуш. Ас даима а тамаша бора цуьнан говзаллех. Т1аьхьуо со а йолаелира сурт дилла 1ама. Со суртдилларан хьехархо бен яц. Денна а керланиг девза суна. Тахана а Iемаш ю. Сайна хуург берашна дIахьеха лаьа суна. Дешархоша дика дIалоцу ас шайна хьоьхург. Суна доккха хазахетар хуьлу сан дешархочунна шен ойла суьрташкахь гайта хиъча. ТIаккха сайн къахьегар эрна ца хиларх кхета.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Акбулатова Санет шен дешархошца

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: