Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместительца – республикин автомобилийн некъийн министраца Тумхаджиев Абубакарца хилла интервью.
– Абубакар! Автомобилийн некъийн министерство республикин коьртачу ведомствех цхьаъ ю. Пхи шо хьалха автомобилийн некъийн департамент хийцина, цунах автомобилийн некъийн министерство йира. Республикин некъийн декъах лаьцна дуьйцуш, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гуттар а лаккхара мах хадабо некъийн къинхьегамхойн белхан, цо къаьсттина билгалйоккху и дакъа кхиорна ахь юкъаюьллу хазна. Некъахойн корматаллин де даздарна а, ткъа иштта министерствон 5 шо кхачарна а лерина октябрехь хиллачу даздаршкахь Р.Кадыровс юха а лаккхара мах хадийра некъийн ведомствон. И пхи шо муха деара шуна?
– Республикин некъийн службин ах бIе шо сов хан ю. 2008-чу шарахь автомобилийн некъийн департамент хийцина, цунах министерство яр оха тIеийцира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тхаьшна доккха жоьпалла тIедиллина хиларе терра. Цундела оха дан тарлуш дерг дерриге а дира тхаьшна тIедехкина декхарш кхочушдарна, дикачу кхиамашка а кхечира тхо.
Автомобилийн некъийн дикалла лакхаяккхар а, республикин бахархойн хьашташ ницкъ ма-кхоччу тоьлашха кхочушдар а – иштта дара автомобилийн некъийн министерствос 2008-чу шарахь шена хьалхахIиттийна декхарш. Оха коьрта тидам тIебахийтира юкъара пайдаоьцу некъаш алсамдахарна. Ткъа некъаш тодар, хууш ма-хиллара, дикачу агIор хаало регион социально-экономически кхиорна тIехь, дикачу некъаша гIо до товараш дIасадахьарх йовлуш йолу харжаш лахъярна а, пассажираш дIасабигаран мехаш лахбарна а, кхиайо экономика. Некъийн дикачу инфраструктуро, дуьйцийла йоццуш, гIо до ерриге а регион кхиорна.
Пхи шо хьалха вайн некъаш муха хилла а, хIинца муха ду а дийца оьшу аьлла, ца хета суна. Уггаре а коьртаниг – Нохчийн Республикин хIинцалера некъаш Россин дуккха а субъекташкахь долчарел дикка тоьлаш ду. Иза вайна ваьшна а го, дуккха а барамехь болчу вайн хьешаша билгал а доккху иза. Амма, ала деза, хьакъ боллу производственни бух ца хилча, вай оцу хьоле кхачалург цахилар. Кадыров Рамзана гIолацар бахьана долуш, республикин некъийн бахаман белхахойн тахана ю кхузаманахьлера гIишлошъяран а, леррина йолу а техника. ДIадаьллачу пхеа шарахь йина производственни I4 база, царна юкъахь некъийн материалаш арахоьцуш йолу йиъ а йолуш. Эцна 500 техника а, гIирс а. Царна юкъахь ю сохьтехь 160 тонна асфальт буьллу немцойн асфальтобетонан ши завод.
Ткъа уггаре а коьртаниг – тхан бу лаккхара корматалла йолу говзанчаш.
– Йийцахь дIадаьллачу пхеа шарахь хилла уггаре а яккхий объекташ.
– Некъахоша къаьсттина дозалла деш ду автомобилийн Червленни – Соьлжа-ГIала новкъахь Терка тIехула тиллина 266,35 м. деха тIай а, Хангиш-Юьрта юххехь Терка тIехула тиллина 264,35 м. тIай а. Хангиш-Юьрта юххера тIай тиллина, Терк хин харш а нисдеш. Иза вайн республикехь дуьххьара дина ду. И тIай тилларо гIо дира луларчу регионашка – Дагестан, ГIалмакхойчоь республикашка а, ткъа иштта Астрахански областе а кхочуш, республикин къилбаседан, къилбан районаш боццачу новкъа цхьаьнатаса. Хин харш нисдаро иштта таро хилийтира хи дистича, Азамат-Юрт, Хангиш-Юрт хиш тIедовларх ларъян.
Ерриге а республикина доккха маьIна долуш ду Гуьмсе – Бамат-Юрт; Гуьмсе – Азамат-Юрт; Горячеисточненски – Аргун; Соьлжа—ГIала – Ведана – Ботлих (Шелана а, Гермачигана а чу ца боьдуш, царна гуотесна); Шела – МахкатIе – Элистанжа – Ведана; Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итум-Кхаьлла; Марзой-Мохк – РегIатIе – Хьаьжи-Юрт, Курчалой – РегIатIе – Хиди-КIотар; Тангихой – Хангихой; Итум-Кхаьлла – дозанан Аргун застава, кхидолу а автонекъаш болх бан дуьйладалар.
2008–2013-чуй шерашкахь республикин некъийн бахаман белхахоша дерриге а дан а дина, то а дина 78 тIай, 308,5 км. некъаш, тодина бIеннаш километраш некъаш.
Ши тIом лайначу республикина доккха маьIна долуш ю некъийн хIора километр, хIора тIай. Мел жима делахь а, масала, Шаройн районерчу лекхачу лаьмнашкарчу Кенхи юьртан бахархошна доккха маьIна долуш ду Шуьйта – Шарой – Аргун – ДIай-Кири автонекъат1ехь Кенхи юьрта Чадыри хи тIехула тIай тиллар. Цул хьалхарчу шерашкахь хиш тIедевлча, и юрт дIасаваха йиш йоцуш, районан центрах хаьдда хуьлура. ХIокху шарахь оха чекхдаьккхина 21 метр деха аьчгабетонан керла тIай тиллар а, хина юххехула болу некъ биллар а, ондда чIагIйина хин бердайистош. Веданан районерчу Дуц-КIотар юьртан бахархошна мехала маьIна долуш ду юьрта боьдучу новкъахь хIокху шарахь юха тIай тиллар. Оцу меттехь хьалха хилла тIай хиш тIедевлча, духура. И бахьана долуш дIасалелар меттахIотторхьама, сиха белхаш бан дезаш хуьлура. ТIеш а, некъаш а ца хилча йиш йоцуш, дахарехь чIогIа оьшуш болу гIирсаш бу.
– ХIокху шарахь кхин муьлхачу объекташкахь белхаш бина автонекъийн министерствос?
– 2013-чу шарахь бахархой беха меттигаш алсамйовларан федеральни Iалашонан программица оха чекхдаьккхина ворхI юьртана тIе боьду некъ бар: и ярташ яра Комарово, Гуш-Корта, Вярды, Ищерски, Шемал-КIотар, Нефтянка, Хьаьжи-Эвла. Дерриге а некъаш 18,9 км. дара.
2013-чу шарахь республикин бюджетан чоьтах ян а йира, то а йира некъийн 38 объект. Чолхечу хьелийн тIаьхьенаш дIайохуш, дуккха а некъашкахь а, тIеш тIехь а дIабаьхьира аварийно-меттахIитторан белхаш. ДIадаханчу шарахь белхаш дIабаьхьира 15 тIай тIехь, царех 9 болх бан доладалийтира. ДIадаханчу шарахь тIаьххьара дина, дIаделларг Закан-Юьртана юххера тIай дара. 6 тIай чекхдаккха дезаш 2014-чу шаре даьлла.
Тхуна къаьсттина маьIна долуш бу Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итум-Кхаьлла автонекъ. Х1инца еш йолу, дерриге а шарахь лаьмнашкахь лыжаш хоьхку «Ведучи» курорт «Грозный» аэропортаца цхьаьнаюзуш болу некъ бу иза.
ТIаьххьара а, 2013-чу шарахь оха дIадолийна Бетти-Мохк – СоврагIа автонекъ бар. Иза барца дIадер ду транспортаца дIасадахарехь меттигерчу бахархоша яккхий халонаш лар.
– Автомобилийн некъийн министерствона чуйогIуш ю 32 предприяти. Уьш хIун болх беш ю? Муха ду цара вовшашца цхьаьна гIуллакхаш дар?
Некъаш а, тIеш а дар кхачаме дац, церан дийнахь а, буса а Iуналла дан ма деза. Министерствон 32 декъах 19 юкъара пайдаоьцучу некъашна а, царна тIехь йолчу гIишлошна а кхачо еш ю. Цхьайолу предприятеш асфальтобетон эяр арахоьцуш, я инертни материалаш йохуш ю. Автонекъаш деш я тодеш, некъаш даран предприятеша арахьара чу ца кхоьхьу асфальт а, кхийолу материалаш а, битум йоцург. Коьртачу декъана тхаьшна оьшург оха тхаьш арахоьцу. Масала, тхан ю аьчгабетонан хIуманаш арахоьцуш йолу тхешан предприятеш – «ЖБИ ГЗ» ГУП, я некъан билгалонаш арахоьцу предприяти –ГУДП-3. Хьаххийначуьра, хIокху шарахь тхан некъахоша дIахIоттийна некъийн 10 эзар сов билгало.
Министерствон халонаш яц проектно-лахаран белхаш дIабахьарца а. Ведомствона чуйогIуш йолчу проектийн «Миндорстройпроект» институто 2008-чу шарахь дуьйна 400 гергга проект кечйина. ХIокху шерашкахь 32 предприяти вовшийн белхан зеделларг, керланиг Iама а деш, болх беш, цхьа доьзал хилла дIахIоьттина.
– Министерствон предприятех муьлхарниг къасто луур дара хьуна?
– Шен дахар некъийн декъаца доьзна верг шех лаьцна къаьсттина дика дош ала хьакъ ву. Сурт хIоттадел шайна: буьйса йоьлла, ло догIу, дегIах чекхболуш, мох хьоькху, ткъа некъахой оцу хенахь республикин некъашкахь шайн болх беш бу, дIасавахарна кхерам ца хилийтарна кхачо а еш. Атта бац некъахочун болх. Ларамаза нисбелла нах бац тхан балхахь. Нохчийчоьнан некъийн бахаман белхахой даггара, лакхарчу жоьпаллица болх беш бу. Ерриге а предприятеш ю хьакъ ма-дду болх беш. Ас царех цхьаъ къастор суна товш хир дацара.
– Алахь, министерствон дакъош мел кийча ду Iаьнан хьелашкахь автомобилийн некъаш Iалашдан?
– Некъахоша буьззина кечам бина Iаьнан хьелашкахь болх барна. Оха республике кхачам боллуш деана технически туьха. ХIокху шарахь оха сацам бина коьртачу некъашкахь цIеначу туьханах пайдаэца. Транспорт дIасалелар кIезиг долчу меттигашкахь, хьалхарчу шерашкахь а санна, оха цунах пайдаоьцур бу иза гIамарца эдеш. Ерриге а базашкахь ша хьахарна дуьхьал пайдаоьцу материалаш Iалашъян рагIуш дина. Тхан кхачам боллуш йолуш ю техника а, белхан ницкъаш а. Некъахой сийлаллица ларор бу шайна тIедиллинчу декхарца. Водительшка цхьа дехар дийр дара ас: иза даза волчо аьхкенан резина Iаьначуьнца хийцаре а, Iаьнан некъашкахь сихалла тIех ца яхаре а.
– Ша вайн республике веанчу хенахь Федеральни некъийн «Росавтодор» агентствон куьйгалхочо Старовойт Романа лаккхара мах хадийра республикин некъийн декъан. ХIокху дерриге а шерашкахь шу Федеральни некъийн агентствоца герггара цхьаьна гIуллакхаш деш, болх беш ду. Оцу цхьаьна гIуллакхаш дарх лаьцна хIун эр дара ахь?
– И цхьаьна гIуллакхаш дар республикин куьйгалло тIетаьIIина бинчу боккхачу белхан жамI ду. Хьайна а хаа-кх хьуна, Iуьллуш болчу тIулга кIел хи ца доьду. Муьлххачу а цхьана программина тхо юкъаяхийта гIертачу хIора проектехьа къийса а, документашца чIагIдан а дезаш хуьлура. Тхаьшка ладогIийтарна дан тарлуш дерг дерриге а дира оха.
Оха дечу гIуллакха тIехь чIагIдира республикина къасточу ахчанех санехь пайдаоьцуш а, ткъа белхаш шен хеннахь а, дика а кхочушбеш а хилар. Цул сов, оха лаккхарчу жоьпаллица хIиттайо программаш. Иза ду нийса технико-экономически бух биллар а, шен хеннахь проектно-сметни документаш кечдар а, уьш шен хеннахь чIагIдар а.
Тахана тхан дика гIуллакхаллин уьйраш ю. «2008–2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республика социально-экономически кхиор» аьлла йолчу федеральни Iалашонан цхьана программица 2008–2012-чуй шерашкахь оха дина 28 тIай (1667,03 метр), 18 некъ (270,5 км), производственни 14 база. Билггал, «Росавтодоро» тхуна билггал долу гIо дира республикин некъийн инфраструктура меттахIотторехь. Амма, билгалдаккха деза, республикин бюджетана а доккха дакъа кхочуш хилар.
– Республикин некъийн декъан коьрта хIун проблемаш ю?
– Проблема цхьаъ ю – ахча цатоар. Автонекъийн министерствон балансехь ду юкъара пайдаоьцу автомобилийн 3030 км некъаш, царех 1493 км асфальт, бетон тIейиллина ду, 1239 км – тIе жагIа боьхкина ду, 298 км – тодаза некъаш, 227 тIай, кхиболу гIирсаш а. Болуш бу белхан ницкъ, оьшуш йолу леррина йолу техника. Бакъду, алссам баккхий белхаш бан ахча ца тоьу. Цундела федеральни программашна ницкъ ма-кхоччу алсам вайн программаш юкъаяхийта гIерта тхо. Чолхечу хьелийн тIаьхьенаш дIаяха а, оцу хьелашкахь кхерам хилар лахдан а ахча ца тоьуш проблемаш кхоллало. Вайн 3030 км некъех 700 км лаьмнийн меттигашна кхочуш ма-ду. Цигахь хаддаза токхамаш а, чухерцарш а хуьлу, ткъа хиш дистинчу хенахь лаьмнийн хиша дIакхоьхьу некъаш а, тIеш а. Масала, хIокху шарахь хиш дестаро дина зен 900 миллион сом хилира.
ДIадаханчу шеран январехь гIуллакх дан доладелла «Нохчийн Республикин Некъийн фондан хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон. 2012–1014-чуй шерашна йолчу республикин Iалашонан программехула болу белхаш Некъийн фондан чоьтах беш бу. Иза тхуна дика гIо-накъосталла ду.
– Автонекъийн министерстве уггаре а хьалха хIун дехарш до республикин бахархоша?
– Дукха хьолахь бахархоша доьху некъаш т1е асфальт биллар. Адамаша хьалхарчу рогIехь сагатдо шайн ярташкарчу некъашна. Иза кхеташ а ду. Билгалдаккха деза, муниципальни программашна юкъаяхийтина йолчу ерриге а объекташкахула тхо районийн, яртийн администрацех дагадовлуш хилар.
ХIора дехарна жоп ло оха. Динчу дехаршка хьовсуш, тхан говзанчаш д1асабоьлху, ткъа нагахь санна министерствон а, районийн, поселкийн Iедалийн а белхахой шена юкъабоьлхучу комиссис оцу объектехь билггал ремонт ян езаш хиларан хьокъехь сацам бахь, оха оцу объектана документаш кечдо, иза программина юкъаяхийта. Делахь а, оха коьрта тидам тIебохуьйту маршрутийн некъаш тодарна, школашна а, больницашна а, маьждигашна а, кешнашна а, социальни объекташна а тIедогIучу некъашна.
Республикин бахархой кхеташ бу некъийн декъан халонех, цунна оха баркалла боху царна. Тхешан агIор, церан проблемаш дIаяха гIерташ ду тхо. Мухха а делахь а, тхо вовшех дика кхеташ ду.
– 2014-чу шарна йолчу министерствон белхан планех лаьцна масех дош алахь.
– Цкъа-делахь, оха белхаш бийр бу кху шаре евллачу объекташкахь. Ткъа 2014-чу шарахь шайна тIехь республикин ахчанийн чоьтах белхаш бийр болу важа объекташ евзаш хир ю хIокху герггарчу хенахь, 2014-чу шарна йолу программа нисйинчул тIаьхьа. И объекташ чIагIъян декхарийлахь ю республикин Правительство. Федеральни программашца йийр йолу объекташ 2014-чу шеран 1–2-чу кварталехь евзаш хир ю. Белхаш 2013-чу шарахьчул кIезиг хир бац.
– Керлачу шарахь кхиамаш хуьлда хьан а, республикин некъийн бахаман берриге а белхахойн а. Интервью яларна баркалла хьуна!
– Хьуна а хуьлда баркалла!
Къамел дIадаьхьнарг Ирзаханова Айзан
(Грозный-информ» агентство)
Материал кечйинарг – С.МАГОМАЕВ