1919-чу шеран 7-чу мартехь Баку гIалахь йолчу оперни театрехь премьера хилла. Дукха башха хIоттийна «Шах Исмаил» хилла гойтуш. Дукха адам гулделла премьере. Оркестран дирижер «Шах Исмаил» оперин автор Магомаев Iабдулмуслим хилла. Иза цуьнан дуьххьарлера опера ю. ХХ-чу бIешеран юьххьехь Кавказехь гIараваьлла вевзаш хиллачу (композитора) мукъамчас алссам къахьегна цу дикане кхачархьама. Азербайджанан культурин кхиам хилла ца Iаш, ерриге а исламан малхбалехь мерза кхаъ хилла дIахIоьттина «Шах Исмаил» опера вайн махкахочун къегина похIма бахьанехь. ХIинца а малхбален къаьмнийн цхьаццайолчу театрашкахь хIоттош а, гойтуш а ю Магомаев Iабдулмуслима язйина «Шах Исмаил» цIе йолу опера.
Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш нохчи ву Магомаев Iабдулмуслим. Цуьнан да Махьмин Мохьмад Йоккхачу АтагIара хилла, тайпана вашендаро а волуш. Къилбаседа Кавказехь цIе йоккхуш пхьар хилла иза, цу муьрехь герз деш шел говза пхьар вайн махкахь кхин воцуш. АтагIара охьавеана Соьлжа-ГIалахь Iаш хилла иза Субботниковн цIарах болчу урамехь. Цуьнан ялх бер хилла. Кхо кIант, кхо йоI. Кхаа кIанте цо дешийтина. Ткъа Iабдулмуслим Соьлжа-ГIалара школа чекхъяьккхина ваьлча гуьржийн махка хьажийна кхидIа а дешийта, Гори гIалахь йолчу хьехархойн семинаре. Пхийттара ваьлла Iабдулмуслим 1900-чу шарахь Гуьржийчу ваха новкъа волуш Даймахке болчу безамца, халкъана, махкана диканаш дан хьаьгначу ойланца, сирлачу Iалашонца дог дуьзна вара. Хьехархочун говзалла караерзийна цIавирзича вайнехан берашна школа схьаелла дагахь вара иза. Соьлжа-ГIалахь гIуллакх ца хилахь а, Йоккхачу АтагIахь шега иза схьайоьллуьйтург хиларх дог тешна вара . Амма, цунна моьттург аьттехьа ца хиллера. 1904-чу шарахь Гори гIалахь хьехархойн семинари кхиамца чекхъяьккхина цIавирзинчу Iабдулмуслимана Соьлжа-ГIалахь болх ца хилира. Керста динехь долчу бераша доьшучу школехь, бусалба динехь волу хьехархо магош вацара цу муьрехь. Ткъа нохчийн ярташкахь школа йиллийтахьара бохучу дехаршца цо яздина кехаташ жоп доцуш дисира. Къона говзанча оьшуш стаг вацара кху махкахь, нохчийн къомана буькъачу боданца садукъдеш еанчу заманахь. КхидIа долчу дахарна, доьзална напха лахарна амал ша бан безаш хилира жима стаг.
Гуьржийчохь доьшуш волчу муьрехь Iабдулмуслимана вевзинера тIаьхьо Азербайджанехь гIараваьлла мукъамча хинволу Гаджибеков Узейра. («Аршин мал алан» цIе йолчу музыкальни комедин автор). Да-нана Азербайджанехь Iаш делахь а, схьаваларан орамаш жIайхойх долуш вара Узейра. Бахьана и делахь а, я вовшийн амалш тайнехь а, хьалхарчу курсехь дуьйна чIогIа доттагIалла тасаделлера шина кIентан. Дуьххьара хезачунна мел тамашийна хетахь а, дуьнен чу валар а цхьана шарахь, цхьана дийнахь 1885-чу шеран сентябрь беттан 18-чу дийнахь хиллера шиннен а. Уьйр-марзо Iаламат чIогIа яра цу шиннан. Вижар-гIаттар, чу-ара валар а даима цхьаьна дара. Дерриге а дахарехула чекхдоккху цу шимма и гергарло. (ТIаьхьо Гаджибеков Узейр Москвахь консерваторехь доьшуш волуш, Iабдулмуслима кест-кеста ахчанца гIо-накъосталла до шен доттагIчунна). Кхин цхьа бахьана дара и довха гергарло чIагIдеш – и шиъ Iаламат сема лерса долуш хиллера. Ткъа хIорш доьшуш болу семинари низам чIогIа долуш яра. Хьехархойн говзалла караерзорал совнаха, студенташ декхарийлахь бара цхьаъ-шиъ мукъамийн гIирсаш Iамо. Дукхах болчу студенташна ца дезара мукъамийн гIирсаш Iамош долу сахьташ. Ткъа Iабдулмуслим, Узейра алссам хан оцу гIирсашца йоккхуш вара. Iад хьокху пондар, виолончель, кларнет Iамайора цара семинарехь йоккхучу хенахь. КIорггера Iамабора музыкин баххаш, Iамайора нотин хьаьркаш. Доцца аьлча, кхидIа дуьнен чохь яккха йисинчу ханна вежараллин доттагIалла, исбаьхьчу мукъамашка ховха безам кхоллабеллера шина кIентан. Цундела, дукха тамашийна ца хета Соьлжа-ГIалахь Магомаев Iабдулмуслимца хьаькамаша къинхетамза хIоттийна чорда кеп ма-ярра Узейрана хаар. Хаддаза кехаташ дIасадохуьйтура цу шимма. Нохчийчохь белхан меттиг нисъян шен доттагIчунна сихвелла стаг воцийла хиъначу Узейрас Азербайджане дIакхойкху Iабдулмуслим. Иштта нисделла вайн махкахочун Даймахках валар. Кхин цхьа хIума дара суна билгалдаккха лууш. Наггахь цхьацца хабарш хеза Iабдулмуслиман хIусамнана гIезало хилла бохуш. Хила там а бу иштта. Делахь а, Гаджибеков Узейра цуьнга мел яздинчу кехат а тIехь хоьттуш ерг Макка ю, массо кехат тIехь Макке маршалла дIадалар доьху доттагIчо вайн махкахочуьнга. Суна гергахь Макка нохчийн зударийн цIе ю. Цундела, Iабдулмуслиман хIусамнана нохчи хилла аьлла хета.
Соьлжа-ГIалина 6 бIе чаккхарма гена йолчу Ленкоранехь 1905-чу шарахь дIаболийра Магомаев Iабдулмуслима шен хьаналчу къинхьегаман некъ. Каспи хIордан йистошца Iуьллуш яра и гIала. Цигахь мукъамийн школа схьаеллар тIедиллира цунна. Бакъду, школа схьайиллинера аьлла паргIат-м ца велира иза. Азербайджанан халкъан иллин цIарна цIе яхана хор вовшахтуьйхира Iабдулмуслима. Халкъан мукъамийн гIирсийн оркестр вовшахтуьйхира. Ткъа уггаре а коьртаниг Ленкорани Iаламат беркате хилира цунна керла мукъамаш дахарна. Гори гIалахь йолчу семинарехь доьшуш волуш цхьацца кечамаш беш а, мукъамаш даха дагахь йозанан хьаьркаш дIаязъеш а вара иза. Ленкоранехь гучуевлира цуьнан дуьххьарлера мукъамийн говзарш: «Жима фантази», «туземцийн мукъамийн поппури». Кхузахь билгалдаккха догIу цу муьрехь Къилбаседа Кавказехь дехачу дерриге а къаьмнех олура туземцаш. Цундела, вайн дегайовхо кхаба бакъо ю Магомаев Iабдулмуслиман поппури вайнехан мукъамийн бух а тIехь кхоьллина хилла хиларх. 1.Магомаевс вовшахтоьхна хор а, оркестр а, дуьйцийла йоцуш, йоккха меттиг дIалоцуш хилла Ленкоранин юкъараллин дахарехь. Цигахь цхьа мероприяти дIайоьрзуш ца хилла керла оркестр а, цуьнан дирижер а воцуш. Азербайджанан йоккхачу музыке некъ баьстина Магомаев Iабдулмуслимана, Ленкоранехь цо баьхначу кхоллараллин кхиамаша.
1911-чу шарахь Гаджибеков Узейра Баку дIавуьгу Iабдулмуслим. Азербайджанан коьртачу шахьарахь къаьсттина жигара боккху вайн махкахочо керла мукъамаш дохуш беш болу болх. Мукъамийн училищехь хьехархочун болх бо цо. Азербайджанан къоман мукъамийн гIирсийн пачхьалкхан оркестрехь болх бо. Кинофильмашна, Бакухь йолчу театраша хIитточу спектаклашна мукъамаш доху. Тоьлла 1адхьокху пондарча ларалуш хилла ву иза цу махкахь. Баьхначу кхиамех тоам ца беш язйо цо оперш. Лакхахь хьахийна «Шах Исмаил» язйина Iаш вац Iабдулмуслим. 1935-чу шарахь «Наргиз» цIе йолу опера язйо цо. Iаламат боккхачу кхиамца чекхйолу цуьнан премьера. Цу муьрехь арадаьллачу «Правда» газетехь йоккха статья зорбане елира «Наргиз» оперин лаккхара мах хадош, цуьнан мукъам баьккхинчу авторан похIмина хастаме дешнаш ца кхоош. ХIинца а, Азербайджанан пачхьалкхан оперни театран репертуарехь йолуш ю и ши опера. Шайн къоман культурин кхиам хеташ Азербайджанерчу хьовсархоша лерамца тIеоьцуш ю. Магомаев Iабдулмуслиман тоьллачу говзарех ларалуш ю «Нохчийн хелхаран йиш» (чеченская лезгинка), «ПаргIатяьккхинчу зудчун хелхар» (танец освобожденной женщины). Кхин цхьа хIума а дара суна билгалдаккха лууш: Азербайджанехь гIараваьлла вевзаш хиллачу музыкальни критика Джафаров Сабира яздина композиторан кхоллараллех хIара дешнаш, «говзаллин лаккхарчу тIегIанехь мукъамаш дахаран корматалла йолчу Магомаевн исбаьхьачу музыке ладугIуш нохчийн мукъамийн хIуо хаало цуьнан говзаршкахь». Мел доккхачу дикане ша кхаьчнехь а, ца ваьллачу декъана битинчу Даймахкана сагатдар хиллий-те Магомаев Iабдул Муслиман мукъамашкахь ладогIархошна тосалуш дерг?!
Iедало тидамза ца битина Магомаев Iабдулмуслиман хьанал къинхьегам. Алссам совгIаташ а, тайп-тайпана сийлахь цIерш хилла цунна техкина. Азербайджанан культурин хьакъволу гIуллакххо хилла вайн махкахо. Иза а, цуьнан доттагI Гаджибеков Узейр а Азербайджанан корматаллин музыкин бух биллархой бу. Тахана а Бакухь урам бу Магомаев Iабдулмуслиман цIарах, Азербайджанан пачхьалкхан филармони а цуьнан цIе лелош ю. Иштта сий-ларам болуш ваьхна иза хийрачу махкахь. Делахь а, шена тIехула сингаттамийн дохк дукъделча, цхьаъ бен воцу кIант Мохьмад Нохчийчу хьажаво цо. Масех шарахь вайнехан къоман театрехь художникан болх бо цуьнан кIанта. 1938-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчуьра кегийрхой Москва театральни институте деша боьлхуш, цу тобанах дIакхета Мохьмад. Ткъа 1941-чу шарахь ямартлонца фашисташ вайн Даймахкана тIелетча иза тIаме дIавоьду, театральни институтера кхиболу нохчийн кIентий санна. 1944-чу шарахь Краков гIала фашистех парг1атйоккхуш тIеман хьаттахь кхелха Iабдулмуслиман кIант Мохьмад. Амма, цунах дерг композиторна хуийла дацара. Сталинизман гIурано ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь къинхетамза Iожаллийн кохьарна юкъа хьарчийра башхачу мукъамийн говзанча, композитор Магомаев Iабдулмуслим. 1937-чу шеран 28-чу июлехь, Нальчикехь хIаллаквина иза НКВД-н йовсарша. 52 шо хилла говзачу мукъамчин. Царах 35 шо гергга Даймахках хьоьгуш даьккхина. Буьрсачу заманан зуламечу мехаша идийна иза хьомечу махках ваьккхина. Делахь а, цуьнан дахарера бакъдолчара тоьшалла до Нохчийчоь йицйина иза ваьхна ца хиларна. Цундела, вай а декхарийлахь ду Магомаев Iабдулмуслиман сирла амат иэсехь латто а, иза вуьззина нохчийн кIант хилар дагахь кхаба а. Вайнехан синан бIаьвнех цхьаъ ву и похIме композитор, къоман культурин хазна хилла дIахIотта езара цуьнан чулацаме кхолларалла.
Газиева Аза
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо