ТIехьа-Мартан районерчу къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь болх беш ву 14 стаг, шайн коьртехь С.Катаева а йолуш. Уьш берриге а отделан тайп-тайпанчу дакъошкахь шайна тIедехкина декхарш кхочуш деш бу: хIора баттахь луш долу берийн ахча, бер Iалашдарна цкъа луш долу, къинхьегаман ветеранашна, тылан белхахошна, таIзарш динчу бахархошна луш долу, кхидолу а ахчанаш яздо. Социальни гIолацаран хьашташ кхочушдо, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна йина харжаш меттахIитторна цхьаццаболчу бахархошна ахчанаш ло.
ГIоленаш еш болчарна юхало хIусамех а, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх а мах баларна йина харжаш. ТаIзарш дина хилла, шайн бакъонаш меттахIиттийначарна хIора баттахь 1660 сом ахча ло, къинхьегаман ветеранашна – 457 сом. Шала динчу берашна церан 16–18 шо кхаччалц хIора берана баттахь 1250 сом ахча ло. Отделан хьаькаман заместитела Р.Музаевас дийцарехь, отделе дукха адамаш догIу, тайп-тайпана гIуллакхаш дохьуш.
– Дукхах болчу баккхийчу нахана ца девза социальни гIуллакхаш, царна ца хаьа хьанна хIун ахчанаш догIу, – боху Р.Музаевас. – Оха царна дуьйцу хьанна стенах догIу и ахчанаш. Дукха хьолахь таIзар дина хилла, шайн бакъонаш меттахIиттийнарш богIу хIусамаш а, чуьра бахам а байна дисарна шайна компенсацин ахча догIу моьттуш. Цкъа-делахь, оцу адамех кхета мегар дара, амма вукха агIор, тхан таро яц царна цхьана а кепара гIо дан. Оха уьш кхетабо компенсацин ахча нах цIерабохучу хенахь 18 шо кхаьчна а болуш, хIетахь шайн хIусам а, долалла а, бахам а болуш хила тарлуш болчу нахана догIуш хиларх. Адамаш тхуна баркалла бохуш хуьлу шайна цунах лаьцна дика кхетош дийцарна. Тхан аьрзнийн книга ю, бахархойн кехаташна а, предложенешна а лерина, яьшка а ю. Амма хьашташ кхочушдарна аьрзнаш цкъачунна хилла дац. Цул сов, дехарш дIаяздеш долу журнал ду тхан.
Дуккха а адамашна хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх юхалуш долу 1660 сом махках ваьккхина хиллачу хIора стагана дала дезаш ду моьтту. Оха уьш кхетабо оцу доьзалехь махках ваьккхина хилла маса стаг велахь а, и ахча берриге а доьзална лерина луш хиларх. Законаш хийцича, алсамболу оха адамашца беш болу болх, хIунда аьлча уьш цхьаццадолчу хIуманах кхеташ цахиларна. Отделехь ерриге а республикехь пачхьалкхан транспорта тIехь маьхза дIасаваха талонаш ло: къинхьегаман ветеранашна, махках баьхна хиллачу нахана, заьIапхошна, тылан къинхьегамхошна.
Нохчийн Республикин Правительствон «Нохчийн Республикехь бераша садаIар а, церан могашалла тояр а вовшахтохаран хьокъехь» болчу 2011-чу шеран 29-чу мартехьлерчу №51 йолчу сацамца нийса а догIуш, отдело хIора шарахь аьхкенан хенахь садаIа дохуьйту ТIехьа-МартантIера бераш. ХIокху шарахь 323 беро садаьIира ГIирмехь, 511 беро – Нальчикан санаторешкахь, 162 беро – Шелковски районехь могашалла тояран лагерехь. Хьалхарчу рогIехь садаIа дохуьйту гIийла бохкучу доьзалшкара бераш а, буобераш а, заьIап бераш а, социальни ледара болчу доьзалшкара бераш а.
З.ФЕДОРОВА
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо