(17-гIа ноябрь – Полицин куьпан белхахочун де)
ХIора шарахь 17-чу ноябрехь Россехь даздо Полицин куьпан белхахочун де. Полицихойн корматаллин и дезде 2002-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду. Цу денна лерина тайп-тайпана цхьаьнакхетарш дIахьо мехкан ерриге а субъекташкахь.
Росси кхиаран дерриге а дакъошкахь полицихоша бина а, беш а бу шайх тешийначу каппашкахь къепе ларъяран мехала болх. Церан болх чоьхьарчу гIуллакхийн органийн системина юкъабогIуш бу.
Таханлерчу куьпан полицихочо беш болчу белхан тайп-тайпана цIерш хилла яханчу хенашкахь: куьпан тергамхо, низамхо, лаккхара милцо, куьпан инспектор, иштта кхиерш а.
Церан корматаллин де даздан 17-гIа ноябрь билгалдаккхар шен бух болуш ду. 1923-чу шеран 17-чу ноябрехь РСФСР-н Чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссариата тIеэцна хилла Куьпан тергамхочун инструкци. Оцу кехатан буха тIехь кхоьллина ю тахана вайна евзаш йолу куьпанхойн «институт».
Хан-зама яларца доьзна куьпанхочо бечу белхан дуккха а хийцамаш бина. 1993-чу шарахь Россин Федерацин Президента «Россин Федерацехь юкъараллин кхерамазаллин (меттигерчу) милицин хьокъехь» Указ тIеэцар бахьана долуш, куьпанхойн структура юкъараллин кхерамазаллин милицех д1атоьхна.
Тахана евзаш йолу «полицин куьпанхо» цIе, 2011-чу шарахь, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон структурина хийцамаш барца доьзна юкъаяьккхина ю. Цул хьалха, 2000-чу шарахь дуьйна, лелла яра «милицин юьззина бакъонаш йолу куьпанхо» цIе.
Полицин куьпанхойн таханлера болх – чоьхьарчу гIуллакхийн органашна юкъайогIуш а йолуш, цIинйина, карлаяьккхина, кхоччуш кога а хIоьттина, мехала болх беш йолу структура ю.
Шайх тешийначу каппашкара дукхахдолу гIуллакхаш кхочушдеш бу куьпанхой. Шайн декхарш кхочушдеш, полицихоша Россин Федерацин а, кхечу пачхьалкхийн а бахархойн могашалла а, церан бакъонаш а Iалашйо, зуламашна дуьхьало латтайо, юкъараллин кхерамазалла а ларйо.
Куьпанхойн декхаршна юкъадогIуш дуккха а гIуллакхаш ду: бахархой, юкъаралла, пачхьалкх зуламех ларъяр; административни кхачамбацарш дIадахар; зуламашна талламаш бар, иштта д1а кхин а.
Цул сов, полицин куьпанхочо дакъалоцу: адамаш цхьаьнакхетачохь низам лардарехь; байна нах лахарехь; Россин Федерацин герзан хьокъехь долу закон кхочушдарехь; некъийн кхерамазалла ларъярехь Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн могIарехь тахана 46 эзар сов полицин куьпанхо ву. Шайх тешийначу меттигашкарчу бахархошца дийнахь-буса болх беш берш а, уггаре а хьалха царна гIонна кхочушберш а уьш бу.
ХIора шарахь Полицин куьпанхойн денна лерина, ветеранаш а кхойкхуш, дуккха а цхьаьнакхетарш дIахьо Россин гIаланашкахь. Царна юкъахь концерташ, синкъерамаш, спортан къийсадаларш а хуьлу. Иштта цу денна лерина, хIора шарахь дIахьо «Халкъан куьпанхо» цIе йолу Ерригроссин конкурс.
Цу дийнахь тоьллачу белхахошна Россин а, субъектийн а чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллаша Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а, деза совгIаташ а ло.
И.ХАНОВ
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо