Латталелорхойн лакхе

Нохчийчохь чекхдолуш ду шекаран буракаш чуерзор. Республикин агропромышленни комплексехь юккъерчу барамехь хIора гектара тIера гулдина 360 центнер мерза орамаш.083012_024674749871

   Соьга хаьттича, мел доккхачу хастаман дашца а буьззинчу барамехь мах хадалур бацара тахана лаьттаца шайн дахар доьзначеран башхачу гIуллакхийн. Цунна тоьшаллаш хилла лаьтта тIемаш дIабирзинчул тIаьхьа дIадахана хIора шо. Царах хIораммо а къеггина гойту вайн халкъана бехк боцуш коча тийсинчу бохамийн тIаьхьенаш  дIаяхарна тIехьажийна шайн ницкъаш ца кхоош вайн латталелорхоша хьегна къа, хIаллакаллин биста кхачийна бахам меттахIотторан жоьпалла шайна тIехь а хиларх уьш кIорггера кхеташ хилла хилар. Цуьнан башха жамI дара хIора шарахь бахархойн шуьне кхочуш долчу кхачанан сурсатийн дукхалла, тайпаналла тIеттIа алсамйолуш схьаеана хилар.

Кхачанан сурсатийн барам тIеттIа алсамболуш хиларан кхин цхьа билгало а яра оцу шерашкахь. Иза къаьсттина хаалора регионан базаршкахь сурсаташ духкучу могIаршка нисвелча. Кест-кеста хезара «мичара ю?», «меттигера юй?» боху хаттарш. Ларамаза дацара оцу кепара уьш деш хилар – къаноша чIагIдарехь, вайн лаьтта тIехь кхиийна стом, хасстом шатайпана чам, хьожа йолуш хуьлу.  Йохкархоша царна дуьхьал луш долу жоьпаш а, стом схьабаьллачу меттиган йохуш йолу цIерш а хуьлура дагна хьаам беш: Мескар-Эвла, Шела, Керла Шара, Гермачиг, дуккха а кхиерш. Тахана  билгалдаккха мегар ду: меттигерчу сурсаташна тIеттIа алсам дакъа кхочу вайн шуьнехь.

Ларамаза дац ас къамел кхачанан сурсаташна тIера дIадолор. Дикка доккхачу декъана церан шорталло гойту юьртан бахам кхиаран боларш, юьхьарлаьцна некъ нийса хилар. Схьалаца шайна масална ТIехьа-Мартан район. ХIокху бIешеран юьххьехь дуьйна массийтта шарахь мел лаххара а ах республикина тоьар болуш хасстоьмаш кхиабора цигарчу латталелорхоша. Оцу гайтамца билгалбевлла а ца Iара. Иттех шарахь цара шайгара дIа ца хийцира буьртиган ялташ кхиорехь, церан барам алсамбаккхарехь йолу хьалхе. Тахана а бу районера латталелорхой хьалхелелорхойн могIаршкахь. Хаъал доккха ду цара регионан юкъарчу гайтамашна юкъадуьллуш долу дакъа: хуьлда иза буьртиган ялта, я хасстоьмаш, маьлхахIуш, шекаран буракаш, я докъарийн культураш – массанхьа а дагна хьаам беш ду цигахь шайга кхочуш долу терахьаш.

Аьлча а, Нохчийчохь йолуш а яра, хIинца а йолуш а ю юьртан бахам кхиоран некъ гойтуш йолу билггал Iалашо. Цунах буьззинчу барамехь вайн дукхах болчу бахамийн  аренашкахь пайдаэцна хиларан масалш ког мел баьккхинчохь карор а ду. Схьалоцур вай масална буьртиган кенан ялташ кхиоран гIуллакх. Цкъачунна коьрта меттиг дIалоцу цара юьртан бахаман производствехь (иза данне а дац регионан аренашкахь кхечу культурашна хьакъ боллу тидам тIе ца бохуьйту бохург: хаддаза лакхадолуш ду церан хьекъар а,ткъа иштта дукхаллин барам а). ХIора шарахь иттаннаш эзарнаш тоннашкахь тIекхетара республикехь гулдеш долчу дерриге а ялтин барам. Ткъа дIадаханчу шарца дуьстича-м кхузткъа эзар тоннал алсам дара чуэцна беркат, юкъара барам 220 эзар тоннал алсам а боккхуш. Нохчийчоьнан юьртан бахаман исторехь цкъа а хилла боцу гайтамаш бара уьш. Тидам тIебахийта луур ду ишттачу бакъдолчунна: болх кхиамца дIабахьа новкъарло еш хилла кхидерг ца дийцича а, бIаьрг бузош болчу оцу башхачу гайтамашка кхочура ялташ чудерзоран техника цатоаран а, ткъа йолуш ерг чIогIа тишъелла хиларан а, якхделлачу лаьттана бала богIу минеральни кхача цахиларан а хьелашкахь. Дуьйцийла яц,  иштта кхиамаш хиларехь  доккха маьIна лелийра адамийн хьуьнаро, церан корматалло, шаьш билгалйинчу Iалашонна тIера уьш юхадевр доцуш хиларо.

Амма оццу хенахь тахана оцу кхиамех вайн дозалла дан йиш хир яра бохург ала хала хир дара, нагахь юьртан бахам шен орамашкара дуьйна меттахIотторан гIуллакх республикин куьйгалло шен хIора дийнан тергонехь латтийна цахиллехь. Иза меттахIотторна а, кхиорна а боккха тидам тIебохуьйтуш хиларна тоьшалла дара йолуш йолчу таронашка хьаьжжина бахамашкахь алсамболуш болу техникан барам. И бахьанехь республикехь дикка карлаяьккхина латталелоран техникан парк. ХIора шарахь иштта алсамдолуш ду минеральни удобренешца, ораматаш ларъяран гIирсашца кхачоярна лерина къастош долу ахча. Цхьана а денна тидамера ца довлуьйту лаьтта тIехь шайн берриге а ницкъаш дIалуш гIуллакх деш долчу адамийн хьашташ. И дерриге а цхьаьнатохаро кхачайо республика тIеттIа керлачу лакхенашка кхачарна.

Цунна кхин цхьа тоьшалла хилира хIокху деношкахь регионан юьртан бахаман ведомствера кхаьчна хаам а. Башхачу толамашка кхаьчна вайн буракашлелорхой. Дийнна схьаэцча юккъерчу барамехь хIора гектаро делла 360 центнер мерза орамаш! Шен исторехь иштта гайтам а гина бац вайн юьртан бахамна. Ур-аттал, оцу культурина боккха тидам тIебохуьйтуш хиллачу советийн Iедалан шерашкахь а.Оцу хенахь гектара тIера 250 центнер орамаш гулдар а боккха толам лорура. Ткъа и гайтам кхин а лакхара хиларе кхаьчнарг-м зурманашкахь вуьйцура.

ДагадогIу дIадаханчу бIешеран дезткъалгIачу шерашкахь оцу культурина гуонаха хилла хьал. Буракаш дIаерна майданаш билгалъяхар-м кхеташ дара. Уьш чуерзо йолоран график а партин обкомехь хIоттош яра, цхьана а денна иза йохор тардалийта йиш а йоцуш. Иза доьзна дара буракаш схьаахкар 5–10-чу сентябрехь дIадоло дезаш хIоттийначу графикца аьргалла чуэца аренашлелорхошна бакъо луш цахиларца, хIунда аьлча, лаьттара схьа ца йохуш алсам мел латтайо а, хIетахь кхиош хиллачу буракашца долчу шекаран барам  алсамболу бохург говзанчаша чIагIдеш хилла хиларца. ТIаккха бахамийн куьйгалхойн а, говзанчийн а кортош «ахьа» доладора «лакхара» кхочуш долчу омранаша.

Оцу шерашкахь «лакхарачарна» уггаре а чIогIа дуьхьал яьллачарах яра республикехь шен кхиамашца дика евзаш хилла Муслуева Тамара. ХIора шарахь а лакхара хуьлура цуьнан звенос гулъечу шекаран аьргаллин терахьаш. ХIора гектара тIера 400 центнерал алссам мерза орамаш гулдарна пачхьалкхо Турпалхочун Дашо седа луш шен къинхьегаман сий дина а яра.Республикехь цуьнан гайтамашка ца кхачалора цхьа а буракашлелорхо. Оцу дерригено а цунна бакъо лора лаьтта тIехь шена ма-хетта гIуллакх дан, мерза орамаш шена бегIийла хеттачу хенахь бен схьа ца ахка. Муслуева Тамарин кха тIехь массарал тIаьхьа дIадолийна карадора буракаш схьаахка йолор. Бакъду, оццу хенахь   белхаш дIаберзорца кхечарал цкъа а тIаьхьайисина а ца карайора иза.

Иза дерриге а карладуьйлу тахана вайн аренашкахь долчу хьолан ойла еш: оьшучуьнца юьззина кхачойина хиллачу оцу хенахь буракашлелорхошца хилла юкъаметтиг а, тахана латталелорхоша йохуш йолу тIеттIа керла лакхенаш а.Оцу хенахь доьналла долчун бен ницкъ ца кхочура шена бегIийла хетарг чекхдаккха, шен некъ харжа. Ишттачарах цхьаъ яра хьуьнар муьлххачуьнца а къовсур долуш йолу Муслуева Тамара. Ткъа тахана и тайпа халонаш яц бахамийн куьйгалхошна, могIарерчу латталелорхошна хьалха лаьтташ. Уьш паргIат бу шайна гIолехь хеташ, алссам пайда лун болу некъ харжа. Дуьйцийла йоццуш, дикка доккхачу декъана цуьнан тIаьхье лара еза аренашлелорхойн таханлера гайтамаш.

Лечкъа стенна до, дукха яккхий башхаллаш ю оцу шина муьрана юкъахь. Халахеташ делахь а, вайн бахамашна  минеральни удобренешца, ораматаш ларъяран гIирсашца, тайп-тайпанчу молханашца юьззина кхачоян  ницкъ ца кхаьчна хIинца а. Ма-дарра аьлча, цкъачунна тоьаш яц техника, тIаьхьатосу гIирсаш а. ХIетте а регионан аренашлелорхоша кхин цкъа а гайти хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан шайгахь хьуьнар хилар, лакхахь йийцинчу хенахь кегийчу майданашкахь хIиттийна хилла башха  рекордаш тахана эзарнаш гектараш тIехь долуш дерг хилла дIахIоьттина хилар.

Аьлларг чIагIдо республикин юьртан бахаман министерствос бечу хаамаша.  Иштта, кху шарахь буракашна къастийна хиллачу йиъ эзар гектарал жимма сов йолчу майданех 13-чу ноябрана долчу хьолаца паргIатъяьхна цхьаъ ах эзар гектар гергга майданаш. Царах хIоранна тIера чуэцна 360 центнер мерза орамаш. Шекар доккхучу заводе дIакхачийна 52 854 тонна аьргалла. Дустархьама билгалдаьккхича нийса хир ду аьлла хета дIадаханчу шарахь 6 074 гектара тIехь уьш кхиийна а, хIора гектара тIера гулйинарг199,8 центнер буракаш хилла а хилар. Аьлча а, кху шарахь  кхуззачул алссам чуоьцу шекаран аьргалла.

Долаллин тайп-тайпанчу хорманийн 26 бахамах цхьана гектарана леринчу хьесапехь 300 центнерал кIезиг орамаш гулдинарг 6 бахам бен бац. Дуккха а меттигашкахь норма хилла дIахIоьттина кхо бIе центнерал лакхарчу дозанашка кхачар. И культура кхиорехь хIинца пайдаэцаза яккхий таронаш хилар гайтина, масала, хIокху шарахь 250 гектарах хIоранна тIера 682,4 центнер шекаран аьргалла чуэцначу доза тоьхначу жоьпаллин «Стандарт-С» юкъараллин аренашлелорхоша. ХIора гектара тIера 540 центнер буракаш гулйина «Марта» бахамехь. И гайтам 472 центнере кхачийна «Агро-Ресурс» юкъараллехь, 457 центнере – шен гIуллакх долийна волчу Д.Гучиговн бахамехь. 345– 400 центнеран барамехь а, цул сов а мерза орамаш гулдинчарна юкъахь бу «Катар-Юртовский», «Кади-Юртовский» бахамаш, фермерийн «Ризван», «Конка» бахамаш, «Раяна» юкъаралла.

Оцу бакъдолчара къеггина тоьшалла до бахамийн материальни бух чIагIбаларца цхьаьна республикехь шекаран буракаш гулъяр тIеттIа алсамдолуш дIагIуриг хиларна. Делахь-хIета, шайн керлачу лакхенашка кхочур бу Нохчийчоьнан аренашлелорхой.

Л.БАКАРОВ

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: