2015-чу шеран 20-чу ноябрехь вайн махкахь билгалдоккхуш ду Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIо даран Ерригроссин де. «Россин Федерацехь маьхза юридически гIодарх лаьцна» долу Федеральни закон кхочушдаран гIуллакхашкахула йолчу Правительствон комиссин сацамца 2012-чу шарахь чIагIдина ду иза. Цу денна лерина кечамаш бар Россин Федерацин юстицин министерствона а, цуьнан регионашкахь йолчу органашна а тIедиллина.
Берашна гIо даран де билгалдаккхаран Iалашо ю буоберашна а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берашна а, заьIап берашна а, церан дай-наношна а маьхза юридически гIо дар.
Россин Федерацин субъекташкахь берийн бакъонашкахула болчу векалша а, Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службо (ФСИН) а, Суьдан пурстоьпийн федеральни службо (ФССП) а, дешаран а, къинхьегаман а, социальни лардаран а органаша а, нотариальни а, адвокатийн а организацеша а, Ерригроссин юкъараллин «Россин юристийн ассоциаци» организацис а дакъалоцу Берашна гIо даран де билгалдаккхарехь.
Цу денна лерина цхьаьнакхетарш дIахьош ду вайн республикин тайп- тайпанчу учрежденешкахь.
Х1окху шеран 20-чу ноябрехь лакхахь билгалдаьхначу берашна а, церан дай-наношна а, церан Iуналла деш болчарна а маьхза юридически гIо дийр ду республикин Дуккха а хьашташ кхочушдаран туьшашкахь (МФЦ) а, Iуналла а, терго а яран органашкахь а, Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь а, республикин лаккхарчу дешаран заведенешкахь а, нотариальни а, кхийолчу а учрежденешкахь а. Иштта, Республикин адвокатийн палатехь а маьхза юридически гIо дийр ду суьде озийначу кхиазхошна.
Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман гIоьнчас Исаев Алихана тхоьца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира вайн республикехь Дуккха а хьашташ кхочушдаран цхьайтта туш хилар а, цигахь массанхьа а Берашна бакъонаш йовзийтаран дийнахь д1аяхьа кечйина мероприятеш хилар а.
Хь.МАРТАНОВА
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо