Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствехь дIахьош хиллачу пачхьалкхан белхан меттигаш нисъяран конкурсан жамIаш дира.
Конкурсехь билгалбевллачеран дешаран меттиг, цигахь муха дешна, цул тIаьхьа болх мичахь бина, стаж мел ю хьожуш, цаьрца къамел а дина ГIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман минстр А.Айдамиров куьйгаллехь волчу жюрис тоьлларш къастийра. Уьш балха а хIиттийра.
Конкурсан жамIашца ГIишлошъяран, ЖКХ-н министерствехь балха дIанисбеллачарех ву Арсанов Ахьмад, Хасиев Ансар, Татарханов Мохьмад, Магомадова Амнат.
Хь.АВХАДОВА
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо