Лаьцна хилларг паргIатваьккхина

Беларусь Республикерчу Брестан областан прокуратуро сихха жоп делира Нохчийчуьра стаг цхьа а бахьана а доцуш лацаран гIуллакхан хьокъехь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала динчу дехарна.60748

   Мадиев Арсенна дуьхьал уголовни дов доло бахьана хилар талларан а, иза чохь сацоран гIуллакх хийцарехь гIо даран а хьокъехь Брестан областан прокуроре Носкевич Иване дехар дира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис.

Мадиев Арсен Беларусь Республикин Уголовни кодексан 228-чу  статьян 2-чу декъаца билгалдеш долу зулам дарна бехке хиларан шеконца лецира Брестан таможнин лакхарчу инспектора. Экспертан сацамца нийса а догIуш, Мадиевгахь кара а йина, схьаяьккхира психотропни «Трамадол» олу хIума.

Мадиев Арсен Россин Федерацин гражданин ву, цхьана ханна Францерчу Страсбург гIалахь вехаш ву. Дарбанаш лелочу лоьро 2015-чу шарахь яздина дара цунна «Трамадол»». Мадиевн диагноз а, цунна и препарат язъяр а дарбалелош волчу лоьран докторан Ариэль Бендавидан официальни справкица чIагIдеш ду.

Мадиев Арсен Францера Нохчийн Республике вогIуш вара  гергара стаг веллачу тезета. Соьлжа-ГIалахь шина баттахь саца ойла йолуш, цо шен тIоьрмиг чохь йохьуш яра «Трамадолан» ши ларча (60 таблетка).

Мадиевс чIагIдо «Трамадол» препараташца психотропни хIума хиларх лаьцна шена хууш хилла цахилар, цундела иза и х1ума дIалачкъо а ца гIоьртира.

2015-чу шеран 25-чу октябрехь уголовни гIуллакх дIадолийра. Оццу дийнахь Брестан транспортан прокурора бакъо елира Мадиев лаьцна, чохь сацо.

Мадиев Арсен Беларусь Республикин МВД-н ДИН-н Брестан областан урхаллин №7 йолчу талламан изолятор чу воьллира.

Нухажиев Нурдис дийцарехь, шех шеко йолуш волу Мадиев чувоьллина сацор, цунах шех лаьцна болу хаамаш а, гIуллакхан билггал долуш долу хьелаш а хьесапе а ца оьцуш хаьржина дара. Иза хьалха суд йина вац, цуьнан кхоъ жима бер ду,  иза цхьамог1а цамгарш йолуш ву. Чу ца вуллуш, арахь висча, талламах а, суьдах а къайлавала а, и г1уллакх ма-дарра къасторна новкъарло ян г1ерташ а вацара иза.

Брест г1алин Ленински районерчу ОВД-н ИВС-хь чохь воллучу Мадиев Арсенна дуккхазза а медицински сихачу г1оьнан бригадаш кхайкхира. Хаддаза говза г1о дан а, лерина 1алашван везаш а ву иза. Цул сов, Нухажиев Нурдис билгалдаьккхина ма-хиллара, шех шеко йолуш волчунна санна хадеш, чохьваллоран хан чекхьяьлча а, цунна хьалха ца х1оттийра бехкевар. Беларуссин бакъонашларъярхойн тидам цунна т1ебахийтира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала.

«Беларусь Республикин Уголовни кодексан 108-чуй,118-чуй статьяшца нийса а дог1уш, нагахь санна хадеш, чохьволлуш волчунна итт дийнахь-бусий бехкевар хьалха ца х1оттийча, уголовни та1зар даран орган декхарийлахь ю иза чохь валлор саца а дина, иза парг1атваккха. Мадиев шех шеко йолуш верг хиларе терра, иза хадеш чохьваллоран хан чекхъелира, ткъа цунна бехкевар хьалха ца хIоттийра», – бохуш дара Нухажиев Нурдис динчу дехара тIехь.

Оцу кепара кехаташ а, шех шеко йолуш волчунна дуьхьал долу уголовни гIуллакх сацорехь а, иза хадеш, чохьволлучуьра паргIатваккхарехь а гIодаран хьокъехь дехар а иштта дахьийтира Беларусь Республикин къоман гуламан векалийн палатин адамийн бакъонаш ларъяран, къаьмнийн юкъаметтигийн, шуьйрачу хаамийн гIирсийн хаддаза болх бечу комиссин председателе Наумович Андрейга а, дуьххьалд1а Брест гIалин Московски районан суьде а.

Бинчу белхан жамI хилира Мадиев Арсен чохьволлучуьра арахецаран хьокъехь 5-чу ноябрехь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векале хаамбар. Нухажиев Нурдис баркалла элира Брестан областан прокурорана Носкевич Иванна а, чохьсацийна хиллачун гIуллакхехь дакъалаьцначарна массарна а.

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан пресс-служба 

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: