Лоьрашца кхачояр толуш ду

2015-чу шеран 9 беттан жамIашца бахархошна лоьрашца кхачоярехь Россин регионашна юкъахь Нохчийн Республика рейтинган ворхIалгIачу меттехь ю. Къилбаседа Кавказ социально-экономически кхиорехула йолчу комиссин кхеташонехь цунах лаьцна элира Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министра Скворцова Вероникас. Россин Федерацин премьер-министр Медведев Дмитрий председателалла деш а волуш, кхеташо дIаяьхьира Махачкала гIалахь. ГIуллакх дийцаре дарехь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.f40a7aa8c5b25d7dd8a4e3008f0ba2f9

   «Билгалдаккха луур дара Нохчийн Республикехь лоьрашца кхачояран барам лахара хилар – бахархойх 10 эзар стагана 25,3 лор кхочу. Амма цуьнца цхьаьна хIокху шеран исс баттахь Нохчийн Республикехь бахархошна лоьрашца кхачояр дикка тоделла. Вайн мехкан ерриге а регионашна юкъахь республика рейтинган ворхIалгIачу меттехь ю», – элира В.Скворцовас.

Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь могашалла Iалашъяр кхиоран хьокъехь йолчу шен докладехь Скворцова Вероникас билгалдаьккхира юккъера медицински персонал кечъяр дуьззина регионийн декхаршна юкъадогIуш хилар.

«Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь болх беш ю медицински 17 колледж а, училище а. Таханлерчу денна Нохчийн Республико а, Ставропольски крайс а бен билгал ца дина 2016–2017-чуй шерашна медицински дешаран заведенешка дешархой деша дIаэцар хьалхарчо 12 а, шолгIачо 10 а процентана алсамдаккхар. И гIуллакхаш дан деза кхечу регионашкахь а», – билгалдаьккхира В.Скворцовас.

Цо дийцарехь, 2015-чу шарахь дикка лахделла «Земски лор» программа кхочушъяр, хьалхара ноябрь тIекхочуш Нохчийн Республикехь а, Ставропольски крайхь а бен ца бина барташ. Иза округехь кхочушбан билгалбинчу берриге а балхах 10 процент бен ца хуьлу.

С.ЛАЛАЕВ

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: