Низам лардеш ду

   Зуда ялийначохь герз кхоссар бахьана долуш, чоьхьарчу гIуллакхийн кхо белхахо балхара дIаваьккхина Нохчийчохь. Интернет чохь даьржина долчу видеояздар тIехь гайтина цара герз кхуьйсуш йолу меттигаш.

    Зуда ялийначу веанчу цхьана хьешо шен телефонца дIаяздина полицин белхахойн духарш дуьйхина волчу кхаа стага ирх герзаш деттар.

    Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос бинчу талламашца гучудаьлла, кхуьй а полицин белхахо хилар.

    «Оха сихонца бинчу талламаша гайтира, кхуьй а Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахой хилар. Ирх герз тохарца, уьш шайн доттагIчо зуда ялор даздеш хилла. Шайн белхан низам талхор бахьана долуш, кхуьй а балхара дIаваьккхина», – элира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон векало.

    Нохчийчохь масех шо хьалха дуьйна дихкина ду зуда ялийначохь герз кхоссар. Ларамаза герз а кхетта, ловзаргахь, зуда ялийначохь стеган кхалхар ца нисдалийта Нохчийчоьнан куьйгалло яккха езаш гIулч яра иза. 2012-чу шарахь дуьйна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юкъараллица дага а ваьлла, «Нохчийчохь зуда ялийначохь герз кхоссар дехкар» цIе йолу сацам бу тIеэцна.

И.ИСЛАМОВ

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: