Схьахетарехь, Нохчийчоьнан латталелорхошна еххачу ханна дагахь дуьсур ду чекхдала гергадахана хIара шо. Иштта чIагIдан бакъо ло шеран йохаллехь цара гайтинчу башхачу хьуьнарша, республикехь кхачанан сурсатийн токхо кхолларна тIехьажийна цара динчу даккхийчу гIуллакхаша. Юьртан бахам кхиорехь хьалхахьа йоккха гIулч яьккхина.
Иза чIагIдо бахам кхиоран ерриге а йохаллехь цкъа а хилла боцчу хиламаша. Регионехь кхул хьалха Iаламан хьелаш бегIийла долуш даьхкинчу шерашкахь а кхиъна дац кху шарахь санна хьийкъина кенан буьртиган ялташ. Чекхъяьллачу аьхка дуьххьара гулдира 220 эзар тоннал алсам ялта. ХIокху беркатечу шеран толамийн юьхь хилира и гайтам. ХIокху деношкахь кхин цхьа хазахетар а хилла аренашлелорхошна. Республикехь дуьххьара гектарана леринчу хьесапехь 360 центнер шекаран буракаш гулйина вайн аренашкахь. Сурсатийн барам алсамбаккхарна юкъа шайн хазна йиллина дугалелорхоша, хасстоьмашлелорхоша, маьлхахIуш, хьаьжкIаш, хорбаз-пастанан культураш кхиорхоша.
Латталелорхой шаьш кхаьчначу дозанех тоам бина Iан дагахь цахиларх лаьцна дуккха а тоьшаллаш карор ду хIокху гурахь регионан агропромышленни комплексехь. Кхеташ ма-хиллара, керлачу дозанашка кхийдархьама хиндолчунна ондда бух билла беза. Иза шаьш йоккхачу жигараллица деш хилар гойту хIокху деношкахь вайн ялташлелорхоша. Кху гурахь тIаьххьарчу пхийтта шарахь дуьххьара (юха а пайда ца эцча ца болу оцу дашах) 13-чу ноябрана болчу хаамашца дийнна схьаэцча республикехь чекхдаьккхина гуьйренан ялташ дIадер. Билгалйинарш 102 эзар гектар гергга майданаш йолуш, оцу денна 102151 гектара тIе хIу тесна: 73 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь кхиор ду кIа, 12700 гектарал сов мукх, 2340 гектара тIехь Iаьржа кIа, 13 эзар гектар гергга рапс.
Оцу терахьаша тоьшалла до дIаяханчу аьхка баьккхинчу толамо хьалхахьа ондда гIулч яккха болу лаам вайн аренашлелорхошкахь чIагIбина хиларна. Теркан районан латталелорхоша 13-чу ноябрана долчу хьолаца 161,6 процентана кхочушйина гурахь хIу дIадеран план. Билгалйина хиллачу 10650 гектаран меттана ялтин хIуьно дIалаьцнарг 17213 гектар ю. Республикехь уггаре а алсам майданаш кхочу цигахь кхион йолчу рапсана а – кхо эзар гектарал алсам. Кхузахь тидам тIебахийта беза цунах коьрта дакъа фермерийн бахамашна, юкъараллин кхечу предприятешна кхочуш хиларна. Шозза гергга алсам ду цара дIадийна гуьйренан ялташ.
ДуьххьалдIа оцу цхьана районехь хилла а ца Iа фермерийн иштта гайтамаш. Дийнна схьаэцча республикехула цара дIадийна 41,5 эзар гектарал сов гуьйренан ялташ, хьалха хIоттийначу декхарца хила езарг 37,9 эзар гектар хиллехь а. СхьахIуьттуш долчу суьрто тешам ло, латтанаш шайн дола а дерзош (иттаннаш шерашна аренде дIаэцар), уьш тIехь къух даьлла лаьттина хан дIайолуш а, лаьттан бакъволу да ваьлла а хиларх.
Хьалха а санна хьалхелелорхойн могIаршкахь богIуш бу тIехьамартанхой, хьалхамартанхой. Нагахь хьалхарчара 5570 гектарал сов йолчу майданашка хIу теснехь, и терахь 6820 гектарал лакхара ду шолгIачохь. Шайн цигахь Регионехь уггаре а алсам латтанаш долуш йолчу Грозненски районан латталелорхоша 24690 гектарал алсам йолчу майданахь чекхбаьккхина хIу дIадеран болх.
Шаьш кхаьчначу дозанех тоам бан йиш йолуш бу Гуьмсан, Шелковски, Курчалойн, Невран районашкара аренашлелорхой. КарадогIучу шарахь алссам буьртиган ялташ гулдарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш деш бу уьш хIокху деношкахь.
Iаламан бегIийлачу хьелех алссам пайда а оьцуш, республикехь гуьйренан ялташ дIадер чекхдаккхаро керлачу дозанашка кхача шайн таро хуьлуьйтург хиларх тешна бу латталелорхой.
Л.МАГОМАЕВ
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо