Цхьа-ши дош…

   308429 Францехь цхьана хеннахь тIекIал ялх теракт йина. Оцу бохамашкахь кхелхинчеран барам 132 стаге дIакхаьчна, чевнаш хилла 352 стагана. Царах дукхахберш вуочу хьолехь бу.

                                                                  ***

   Францехь теракт йиначарах вархIамма ша-шен эккхийтина, цхьаъ вийна полицин белхахоша.

                                                 ***

   КIирандийнахь цIерпошт харцар бахьанехь I0 стаг кхелхина Францехь. Юьхьанцарчу хьесапашца цунна бехке лоруш ву цIерпошт тIехчехка хаьхкина волу машинист.

                                                 ***

   Францехь теракт ярехь дакъалаьцна хиларан шеконца Бельгин полицис схьалаьцна ворхI стаг.

                                                 ***

    Шеман Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина, шайн караерзийна Алеппо провинцера 15 юрт, Хомс шахьарна юххера зуламхойн пхиъ командни пункт йохийна.

                                                 ***

   Венехь (Австри) дIадаьхьира Шемара хьал машаран некъа тIе даккхарна лерина долу дийцарш. Цигахь дакъалоцуш хиллачу 19 пачхьалкхан векалийн барт хилла 15-чу декабрехь кхин цкъа а цхьаьнакхета.

                                                 ***

   ООН Генеральни секретара Пан Ги Муна дIахьедина терроризмана дуьхьал ерриге а пачхьалкхаша цхьаьна къйисам дIабахьа безаш хилар, и къийсам дуьненаюкъарчу бакъонийн гурашкахь дIабахьа безаш хилар.

                                                 ***

     Хонкарарчу Анталье гIалахь дIаяьхьира дуьненарчу йоккхачу 20 пачхьалкхан саммит. Цигахь дийцаре дира тахана дуьненахь кхолладелла долу политикин, экономикин, экологин хьелаш.

                                                 ***

Антальехь цхьаьнакхийтира Россин а, США-н а президенташ. Цара дийцаре дира Шемахь а, Украинехь а долу хьал тодаран некъаш.

                                                 ***

   ОвгIанехь теракт йина. Оцу бохамехь цхьа стаг кхелхина, 12 стагана чевнаш хилла.

                                                 ***

  Чинехь чIогIа догIанаш даьхкича, токхамаш хилла. Цигахь 21 стаг кхелхина, I8 стагах хилларг цкъачунна хууш дац – уьш карош бац.

                                                ***

   Ливин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос хаам бина масех де хьалха Бейрутехь теракт яйтинарг схьалаьцна хиларан хьокъехь.

                                                 ***

   Украинехь кIирандийнахь 29 гIалахь дIаяьхьира, гIалийн куьйгалхой харжаран шолгIа тур. Харжамхоша ледара дакъалецира шолгIачу турехь. Цкъачунна хууш дац церан жамIаш.

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: