Соьлжа-ГIалахь масех де хьалха дIаяьхьира предпринимательство кхиорна лерина россин-туркойн гIуллакхаллин форум. Хонкарара еанчу делегаци юкъахь 20 сов фирмин векал вара. Цара йовзийтира тайп-тайпана проекташ.
Форумехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Хакимов Хьасана, Нохчийчоьнан экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран заместитела Мустапаев Хьамзата, регионан юьртан бахаман министран заместитела Сельмурзаев Мохьмада, республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан председатела Джамуханов Авхана, кхечара.
Цхьаьнакхетар дIадолош Хь.Хакимовс билгалдаьккхира Россин а, Хонкаран а предпринимателийн юкъаметтигаш чIагIъярехь форумо доккха дакъалоцург хилар. Иштта, цо дийцарехь инвестпроекташ кхочушъярца Нохчийн Республикин экономика лакхарчу тIегIане ер ю.
Хонкарарчу Трабзон шахьаран Малхбален Причерноморьен экспертийн союзан правленин председатела Гюрдоган Ахмета шен рогIехь даггара баркалла элира шайн делегаци иштта дика тIелацарна. Цо билгалдаьккхира экономикехь цхьаьна гIуллакхаш дар Нохчийчоьнна а, Хонкаран Республикина а пайдехь хирг хилар.
– Шуьца цхьаьна проекташ хIитто а, уьш кхочушъян а Iалашонца даьхкина тхо. Тахана хIокху форумехь дакъалоцуш Хонкаран Республикин тоьлла компанеш ю, – бохура Гюрдоган Ахмета.
Цул тIаьхьа хьешаша бовзийтира шайн болх. Церан фирманаша дозанал арахьа а йохуш, юхкуш ю гIишлошъяран материалаш, тайп-тайпана сурсаташ, кхийолу хIуманаш. Хьешаша иштта довзийтира туризман бизнесехь шайна зеделларг. Ткъа Нохчийчоьнан кхочушдаран Iедалан векалша дийцира инвесторийн Россехь бизнес лелорехь йолчу бакъонех а, лерринчу гIоленех а лаьцна.
Р.РАМЗАНОВ
№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо