Нохчийн журналистикин хазна

Серло

«Хаамийн х1окху б1ешарахь шуьйрачу хаамийн г1ирсаша лелош долу доккха маь1на къаьсттина   мехалла йолуш ду: журналистан корматалла лакхара хиларх, цуьнан пох1маллех, нийса мах хадо хаарх, йозабезамаш ца беш г1уллакх къасторах, ткъа цкъацкъа цуьнан граждански стогаллех а доьзна хуьлу хуьлуш дерг юкъаралло муха т1еоьцу, хиндолчун а, ткъа иштта х1инцале а динчун дерригенан а муха мах хадабо, бохург. Шен х1ора регионехь г1уллакх деш эзарнаш шуьйрачу хаамийн г1ирсаш болчу пачхьалкхо, иза къаьсттина мехала ду Россина, т1ейог1учу хенахь а дерриге а дийр ду царна белхан хьакъ доллу хьелаш кхолларна, хаамаш бовзийтарехь уьш буьззина бозуш цахилийтарна т1ехьажийна», – иштта лаккхара мах хадийна Россин Президента В.В.Путина мехкан шуьйрачу хаамийн г1ирсийн белхахой церан корматаллин денца декъалбеш.

Вайн махкахь журналистико шен юьхь д1айолийра Россин императоран Петран указца 1703-чу шеран 13-чу январехь «Ведомости» газетан хьалхара номер араяларца. Ткъа цул т1аьхьа цхьа шо даьлча церан барам  кхаа эзарне д1акхечира. Царах 200 сов газет   х1ора дийнахь арадолура.

Мах хадийна ца валлал 1аламат йоккха ю зорбано, журналистико юкъаралла кхиорна, юкъараллехь хилла тайп-тайпана галморзахаллаш д1аяхарна юкъайиллина хазна. Иза даима хилла хьалхелелош дерг, керланиг массарал хьалха адамашна довзуьйтуш дерг, иза шуьйра даржош дерг. Муьлххачу д1адолорна коьртехь лаьттина иза. Зорбано дуьненна довзийтина Россин тоьлла, прогрессивни адамаш, церан хьежамаш. Жигара юкъайийлина сакхтениг, дастамениг 1орадоккхуш, бехке деш, тайп-тайпанчу хорманех пайда а оьцуш (сатира, фельетон, басня, журналистикин кхийолу жанраш), шен историн йохаллехь  хаддаза къийсам латтийна юкъаралло емалдеш долчуьнца. Россин журналистико дуьненна башха сатирикаш, 1илманчаш, яздархой, поэташ белла. Цунна масалш к1езиг карор дац, Россин зорбанан историн к1оргенаш талла йолийча.

Ленин

Юкъаралла кхиорна, юкъараллехь тоьлла хьежамаш баржорна боккха  1аткъам бина ала мегар ду нохчийн журналистико а. Иза ч1аг1дан йиш ю, Петербургехь хьалхара газет арахеца долийначул т1аьхьа 180 шо даьлча, арадаьллачу нохчийн дуьххьарлерчу газетан масална т1ехь а. Тайп-тайпана ц1ерш лелийна цо – «Серло», «Ленинан некъ», тахана «Даймохк», амма   тешаме хилла дисина журналистико хьалхах1итточу лехамашна: бакъдерг адамашка д1акхачор, республикехь а, дуьненахь х1ора дийнахь   хуьлуш болу хиламаш царна сихха бовзийтар, юкъараллина товш доцчуьнца, кхачамбацаршца жигара къийсам  латтор.

Бакъонца цуьнан 1аткъам  хаабалаза ца бисира   нохчийн гоьбевллачу яздархойн, поэтийн произведенешкахь а. Газетан аг1онаш т1ера евзира адамашна литературехь цара яьхна хьалхара г1улчаш, церан хьалхара произведенеш. Бадуев Са1ид, Арсанов Са1идбей, Айсханов Шамсудди, Дудаев 1абди, Гадаев Мохьмад-Салахь, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев 1арби, Сулаев Мохьмад. И ц1ерш кхин а ехха яха йиш ю, х1унда аьлча, нохчийн литературин классикаша санна, шайн кхоллараллин хьалхара белхаш къоначара а газетан аг1онаш т1ера бовзийтина хилла хиларна.

Къаьсттина доккха маь1на лелийра газето, халкъ шен махка юха а дерзош, республика меттах1оттийначу хьалхарчу шерашкахь. Тахана цхьанна а къайле йолуш х1ума дац оцу муьрехь (халкъ шен махках доккхучу хенахь) нохчийн маттахь хилла йолу ерриге а литература х1аллакйина хилар. Йоцуш яра дешархошна нохчийн мотт 1аморна лерина йолу учебникаш а. Оцу хьелашкахь, ма-дарра аьлча, нохчийн меттан хьехархошна мотт 1аморан коьрта г1ирс хилла лаьттира газет.

? 3-4.indd

Нохчийн журналистикин бух биллархо лара мегар ду таханлера «Даймохк» газет. Журналистийн масех чкъор кхиъна, цуьнан аг1онех пайда а оьцуш. Сан хенарчарна тахана а дагахь лаьтта х1ара ц1ерш: Габисов Бисолта, Шаипов 1ийса, Чалаев Билал, Исмаилов Халид, Мехтиев Хьасан, Муталибов Зайнди, Ошаев Махьмуд, Хасмагомадов Хьамид, кхин дуккха а  кхиберш. Царах х1ора а вара яздаран шен хат1, кеп йолуш, дашах говза пайдаэца хууш. Республика меттах1отто йолийначу юьххьехь шайна т1ехь долчу доккхачу жоьпаллех кхетарца  комаьрша д1аделира цара шайн хаарш къоначарна (царах цхьаъ вара х1окху мог1анийн автор а), 1амийра бакъонна т1ехь юха ца довлуш хила, журналистикин жанрийн тайпаналла. Майрра ала йиш ю тахана: корматаллин къайленаш буьззинчу барамехь д1аелира цара, шайл т1аьхьабог1учаьрга мукъ д1акховдош. Цундела ларамаза дац, церан зеделларг шен балхахь шуьйра юкъа а далош, журналистикин къанойн ламасташна тешаме хилла юьсуш йолу газетан коллектив республикин куьйгаллин г1оьнчийн хьалхарчу мог1аршкахь тахана а лаьтташ хилар.

Л.МАГОМАЕВ,

нохчийн журналистикин къано

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: