Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Шемин «чоьхьарчу оппозицин» векалшца

Арахьарчу политикехь вайн берриге а Даймахкана пайдехь, беркате гIуллакхаш деш схьавогIуш волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхийтира Шемин «чоьхьарчу оппозицин» векалшца. Цигахь дакъалецира вайн республикин къоман маслаIатан комитетана юкъабогIучу политикин, динан, юкъараллин гIуллакххоша, парламентан декъашхоша.

   Кадыров Рамзана инстаграмехь йолчу шен агIонехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Шемин векалша цуьнга дехар дира «Шемин гIолацарна Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна а, Россин халкъана а баркалла алахьара ахь тхан цIарах», – аьлла.

Шемахоша дийцарехь, уьш Нохчийчу баьхкира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран а, цул тIаьхьа республика меттахIотторан а зеделларг Iамо, кхузахь долчу хьоле шайн бIаьргашца хьажа лаам болуш. Дамаск даима а хилла, бохура цара, Россин стратегически партнер, цундела тахана а Шемин халкъ боккхачу сатийсамца хьоьжу Москва йолчу агIор. Малхбузено хIумма а ца дина эзарнашкахь бераш, зударий, къаной бойъучарна, гIаланаш, ярташ хьакхлагIашка ерзочарна дуьхьал къийсам дIабахьарехь. Цунах лаьцна яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо инстаграмехь.

Цо дийцарехь, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу Шемин «чоьхьарчу оппозицин» векалшна хаийтира Нохчийчохь Россина дуьхьал тIом беш 51 пачхьалкхера террористаш хилла хилар. «Оцу къийсамехь Россина гIо  деш цхьа а пачхьалкх яцара. Шемахь машар хилийтархьама халкъ цхьаьнакхета деза, тIаккха, цхьаьна дуьхьало ян еза шен мостагIашна. Доккха гIалат ду къийсам малхбузенан пачхьалкхийн пачхьенашкахь дIабаккхаре сатуьйсуш Iер. Iамарко а, малхбузерчу пачхьалкхаша а дерриге а до и къийсам, и тIом сийса а сийсаш латтийтархьама», – бохура Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира Шемин лазам, бала тIеэца, иза дIабаккха кийча волу, халкъалахь сий-ларам болу цхьа тхьамда хила везарна. «Оцу цхьана стагана карон беза массо а реза хинволу, массарна а товр болу нийса некъ. Террористаш хIаллакбан беза. И дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас динарг», – чIагIдира цо.

Цхьаьнакхетарехь иштта дийцира  «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъахь нохчийн кегийрхой хиларх лаьцна. Кадыров Рамзана дIахьедира оцу кегийрхойн нохчийн халкъаца дозуш хIумма а цахилар. «Ас аьлла, х1инца а боху, церан нохчийн халкъаца дозуш хIума муххале а дац, уьш ур-аттал нохчий а бац».

Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн барт хилира вовшашца кхул тIаьхьа а уьйраш, зIенаш латто.

Д.АНАДЕВ

 

№129, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: