Ахмедов Мохьмад

Декъалдар

  9

   Дагестанан халкъан яздархо, Дагестанан Яздархойн союзан председатель Ахмедов Мохьмад винчу денца декъалво Нохчийн Республикин Яздархойн союзо.

   Хьан кхолларалла Россин къаьмнийн литература кхиорна юкъайиллина йоккха хазна ю. Ахь жигара дакъалоцу Къилбаседа Кавказан литературин дахарехь, хьайн кхоллараллица къаьмнашна юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь.

   Нохчийчоьнан яздархоша даггара декъалво хьо винчу денца, лаьа дахарехь ирс-аьтто нислуш, кхоллараллехь кхиамаш болуш, Дала кхин дуккха а шерашкахь могаш-маьрша хьо вахавойла!

Нохчийн Республикин Яздархойн союз

Байттамал…

Кхин яц-кха и –

Вай бертахь даьхна пачхьалкх.

Бу тIом цигахь, ду неIалтийн

Маьхьарш а, къамкъарг якхъеш.

 

Мичахь ву Пушкин сан, мичахь

Ю сийлахь ва Росси?..

Хьан хьанна кIело бодашкахь

Ян ницкъаш тIехьажийна?

 

Кавказ хьан меран бер ма дац –

Хьан цIийна кхочу кIант ву.

И лелла некъаш шера дац,

Ду кхолламца а анташ.

 

Лахахьа, вайна юккъе стим

Ва туьйсуш, юьстахвуьйлург…

Кавказ ма къоьжа-къежъели,

Цу девнийн къахьо муьйлуш.

 

Хьан къайлахчу цу мостагIийн

Юьхь доттагIийнчух екхарх –

Данайцех хьо ма теша кхин,

Я тхох а харц ма ле кхин.

Ва Русь, поэташ къобалбай,

Хьайн тоба карладаккха.

Оцеран дашах доIа дай,

Хьо-хьуо а цIинло тIаккха.

 

***

Даймехкан Iаьршашкахь даима суна

Седа го, сегалуш безаман суйнах.

 

Дог а сан тохало, хетарехь, чехка,

Шена чу хьаьвзича Даймехкан бехкаш.

 

Йолалахь яхъелла цхьалла сих хьерча,

Вохво со алуно – виначу кхерчан.

 

ЦIиндо цо са а, дIацIан а дой хьунах,

Вáхаран гIора чудоссадеш суна.

 

***

Кхолламо со дорцан кийра хьош,

Деган цIарах само еш дIавеха

Орцах догIу коьрта ши-кхо дош:

«Юьрта кхача. Нана йолчу. ЦIехьа…»

 

Да дIаваьлла, байлахь дисна цIа.

Хьоме кхерч, хьайн йовхо лохьа жимма,

Iехавехьа, сохьтан цхьамзанан

Озехь карладаккхий ненан илли.

Гочйинарг – Ахматукаев Адам

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: